Г1аз т1аьхьа хьаьжчи Бекхи а ца воьхна.
Барзах кхийрачу жа1ун жа ца дебба.
Кхана хуттар ду аьлла г1елан ц1ога хоттаза дисна.
1аьхчи барзо боь, ца 1аьхчи 1уьно боь.
Ницкъ болчу нело ц1оганца 1аь1а баьккхина.
Къанъелчи аьрзуно пхьидаш луьйцу.
Бух1анна дийнахь са ца гарна малх бехке бац.
Зун к1орни санна ирча ву.
Къанделчи лом ж1аьлин битме доьрза.
Адамаша хабарш дуьйцура, цхьогало ц1ога хьийзадора.
Хаза х1ума я аьлчи, къийго шен к1орни еъна.
Кхийда ца дезачу кхийдана куьйгаш харцахьа кхийда, борз хьуьнах хьоьжа, когаш шаьш эха марзбеллачу оьху.
Аьрзунаш лаьмнашкахь кхуьу.
"Цхьа хан яра - аьлла барзо - цаьпцалгана кхоссаелчи, бага лекъ а дог1уш, ткъа х1инца лекъана кхоссаелчи бага цаьпцалг а ца йог1у".
Борз мел дукха кхаьбчи а хьуьнехьа хьоьжу.
Ка йолчу барзо ши уьстаг1 бигна.
Юьртаца къийсина борз эшна.
Шен боцчу махкахь эрано цхьогал ца лаьцна.
Летчи барзо дуьйр ду, ца летчи дас дуьйр ду.
"Суна хи ма даржаде" - аьлла барзо, шена лахахь хи молуш йолчу газане.
Элан к1ант а ма кхуьийла, берзан к1еза а ма кхуьийла.
Дика хьоза бенахь дека.
"Дика х1ун ду?" - аьлла шега хаьттича, пхьагало - "Ж1аьлина хьо галий, хьалха ж1аьла хьуна гича ду-кх." - аьлла.
Цкъа тоьхначу тоьпо шиъ пхьагал йийна.
Къанъелчи борз цаьпцалгашка яьлла.
Борз бехке елахь тамаш бу, чан лараш ю кхузахь.
Муьлххачу а цхьогало шен ц1ога хестадо.
Ши ча цхьана бенахь ца тарло.
Цицигана хаьа, ша дума хьенан биъна.
Хаьа къорза-къийгана ша 1а хьаьнца доккхар ду.
Леча додуш а билгал ду.
Кхераделла экха гена долу.
Деллачу лечано хьоза а ца лоцу.
Деллачу лечано къиг ца лоцу.
Эсашка лацалур юй борз?
Етт баарна ча бехке ю, хьуьнах бисарна етт бехке бу.
Борз санна майра.
Ча санна дера.
Барзал майра, чал дера.
Хьо цхьогал делахь а, цхьогалан ц1ога са а ду.
Сира ю аьлла ца етта барзана, уьстаг1 биъчи етта.
Хьалхехь г1аьттанчу хьозано з1ок ц1анйо, т1аьхьа г1аьттанчо б1аьргаш къерзадо.
Леча г1ург1езах цец ца долу.
Хьарг1анан т1ам санна 1аьржа.
Дижна 1уьллачу цхьогална бага лекъ ца эккха.
Барзо борз ца йоу.
Чанах леттачу стеран ма1аш ц1огий дисна.
Шина пхьагална т1аьхьа иддачу ж1аьло пхьагал ца лаьцна.
Ларлуш болчу динна барзо х1умма а ца до.
Борз ж1аьлина г1о дан ма еха.
Борз 1аьнах йоьлла ю.
Барзо, дагардинчех а, буьга уьстаг1.
Декачуьра ч1об а сецца, са а хилла, хьалаг1атта.
Мецчу барзо дахка а боу.
Пхьагал цхьогалах кхоьра, пхьидаш пхьагалех кхоьра.
Ларделахь тхо дела цхьогалах, мангалах, хьаьрсачух, мара аг1ор болчух.
Адамаша ча а 1амайо.
Берзан бага, цхьогалан ц1ога.
Цхьогало шен ц1ога ца бехдо.
Барзаца кхиънарг барзах уг1а.
Къийгана хьажийнарг аттана кхетта.
Дешин хиларх клетка ца еза хьозанна.
Стиглахь йолчу г1араг1улел, буйнахь долу хьоза тоьла.
Г1аш ведчи борз лацалур яц.
Кхерина къиг куллах а кхоьру.
Къена аьрзу бенахь лаца лур яц.
Берзан багара яккхалур яц х1ума.
Шена т1аьхьа г1ера йоцчу хенахь борз парг1ат хуьла.
Барзо ка барзо санна туху.
Жа барзах теший ма дита.
Вайн чхьойриг чанал йоккха хилла.
Доттаг1ий, хьаьжк1аш т1е гулъелла г1езаш санна бу.
Зуна к1охцалий делла ж1аьлига ца яийта.
Зуно ча шен бенара арайоккха.
Зу санна ваьлла.
Кха т1ехь пхьагал лацалур яц.
Бух1анах леча хир дац.
Борз сана уг1а.
Пхьагал яханчухула т1аьхьа долу эр а.
Куьйрано къиг санна лаьцна.
Куьйрано к1орни санна лаьцна.
Берза бага хилий ма 1е даиманна - наггахь цхьогалан ц1ога хила.
Хьакха санна ма важа.
Цхьана ч1ег1ардиго ца яхьа аьхке.
Цхьа хьоза лацарх ца юза аьрзу.
Моьлкъанах цецъяьлла х1уттут санна корта аг1ор а баьккхина хьоьжу.
Хьалхе дека доладелла олхазар цициго лоцу.
Мара аьрзунан з1ок санна бу, хьекъал т1ера доттал ду.
Акха-цициг т1оьхлара къорза ду, адам чухула къорза ду.
Хьоза клеткана чу ца хоу, клеткана т1е хоу.
Хьозанах мел д1ай-схьай ийзорах г1араг1ули хир яц.
Хьакха а мел дукха йижна 1илларх цкъа г1оттар ю.
Чано санна хьаьшна.
Барзах кхерахь хьуьнах ма г1о.
Барзах веддарг чана т1е 1оттавелла.
Къиг меттахяьккхича леча шен метта хоу.
Хьо уьстаг1 хилахь баа борз карор ю.
Къена къиг эрна ца ека.
Дош хьоза дац, багах даьлчи лацалур дац.
Элан хола бахь, къиг т1ехуур ю.
Цхьа мас бен йоцуш ца до хьоза а.
Цициг санна акха, пхьагал санна стешха.
Хьуьн чохь ча ю, ц1ахь десте ю.
Къийго къийган б1аьрг ца боккху.
Т1аусан мас латийна къиг санна кечъелла.
Д1ахецна хьоза юха лацалур дац, д1аяхна хан юха йог1ур яц.
Г1езах хьакхин доттаг1 хир яц.
Барзана т1ехь а ю кетар, амма охьаюьллуш яц.
Йиш хьозано санна локхар ю, болар г1ург1езачух тардийр ду.
Пхьагалан лорах вахчи чан хари чу а нисло.
Уьстаг1 к1уьно буьгу, барзах дегабаам бо.
Барзо санна йоу, пхьагало санна болх бо.
Дикачу таллархочух экха дода.
Кара1еминчу барзах а г1оьнча хир вац, гечдинчу къуьнах а тешам бац.
Муьлххачу а экханах тешам бац.
Берзалоша говрах къа а хетта, ц1огий, кхес дитна.
Ардангана юкъа нисвелчи уьш санна уг1а, я хьесталуш ц1ога лестаде.
Муц1ар чекхйолачхула хьакха ша а чекхйолу.
Ча а елий ма йохка ц1ока.
Пхьагална т1аьхьа ваьлларг барзана т1е1оттавелла.
Хи доцуш йисначу г1езехь доллу хьал ду зуда йоцуш висначу стагехь.
Оцу дехко оьпанан бенара а яхьар ю х1ума.
Т1ам бойчи аьрзу яда луш яц.
Борз цергаша юзайо, пхьагал когаша к1елхьара доккху.
Барт болчу реманна борз кхераме яц.
Мацалло б1арзвичи къиг а йоу.
Десачу ц1а чу бух1а хоу, я шайт1а дог1у .
Йиш олхазаро а локху, дикчу адмаша а локху.
Олхазарна т1емаш оьшу, адамана хьекъал оьшу.
Барзо локхуш ерг цхьа йиш ю.
Пхьагал стешха елахь а хеса йоьду.
Доьхьал борз ца кхетчи газа хьаьжц1а яхана.
Чано шен к1орни яан дог хилча ченала хьакхийна.
Дукха а ю хьакхарчий, хьуьнан хотеш кегош, цхьаъ бен яц гила борз жан мотт бохабо цо.
Хьозано, ц1ий ма к1езиг дог1у хьох аьлча, шен са ма-дарра дог1у шех ц1ий а, аьлла.
Садайчи къиг а йоьрзу ц1а.
Цхьогало хьерахь, я хьаьттахь вовшахкхетар ду вайша аьлла цхьогале.
Юьртаца къийсана борз яьхна яц, юрт яьхна.
Дас хестийнчу эро цхьогал ца лаьцна.
Хьозанна йоккха топ тоха ца оьшу.
Бедана нека 1амо ца оьшу.
Ладийг1анчу хьакхано хьаьжк1аш ца йиъна.
Хиндолу хьоза бенахь декка.
Ламанах бен ца долу леча.
Шен бен ца беза олхазар 1овдал ду.
Барзах теша елла 1иллахь.
Хийрачу махкахь лечанах къиг олу.
Чов хилла экха дера хуьлу.
Къеначу барзо наб ца йо.
Б1аьргех, бергех девза экха.
Чаца гергарло таса, топ карара д1а ма хеца.
Бух1ано наб йо, х1етте а котам го.
Старехь санна ницкъ бу - хьозано дийриг а ца до.
Чаца ма ловза хьошар ву хьо.
Ча кхеро деъна эса.
Хьоза жима ду, м1араш ира ю.
Лечано дедда доьддушехь лоцу ижу, къийго хиъна 1ийриг а ца лоцу.
Вон лелла уьстаг1 берзан бага боьду.
Борз жан 1у яц, хьакха хуьсахо а яц.
Къиг миччахьа яхчи а кхелхаш т1е хоу.
Къиг лечанан кхача бу, пхьид къийган пхьор ду.
Накха г1ург1езан санна бу, болар т1аусан санна ду.
Ча санна партала ву.
Ч1ерана хи деза, олхазарна стигал еза, адамана латта деза.
И зу куьйгашца лаца лур яц.
Барзах кхийринаг торсалах ведда.
Чано м1араш теснарг юьхках а кхоьру.
Лечанна къийгах кхерам ма тийса.
Ж1аьла хьо х1унда лиэта? - Берзалой кхерош. - Ц1ога х1унда дижийна ахьа?- Берзалойх кхоьру со.
Цхьогало ворх1 борз 1иэхайо.
Къеначу цхьогало муц1арашца охку, лар ц1оганца д1айойу.
Х1илланца лом а лацало, нуьцкъаца ц1оз а ца лацало.
Эсала бара уьстаг1а, барзо биара.
Хьажар цхьогалчух тера ду, амал берзачух тера ю.
Цхьогал тиэбаш делахь, г1езаш чулахка.
Цхьогал хилла чине ваьлларг, цу чинехь борз хир ю.
Ахкийта елла хьакхийна муц1ар.
Къийго ша бехбо шен бен.
Ча санна к1елд1аша хьоьжу, цхьогал санна х1илланца веха.
Ц1ир-ц1ир хьоза санна века.
Бух1а санна хиъна 1а.
Къена цхьогал къоначу эрне лаца лур дац.
Топ кхеттачу лечанна къийго а з1ок етта.
Къиг едда йоьдура, ж1аьла шен ц1оган т1ехь 1ара.
Вон къиг вон 1аьха.
Леча къийган бенахь товш дац.
Далла бу хастам, хьакхина ма1а ца елла.
Борз гондахьа хьийзахь уьстаг1ехь вон хьал ду.
Барзаца доттаг1алла тесна говр ц1а ца еъна.
Барзаца къийсанчу говран кхес, ц1огий дисна.
Барзо а идийна, барзо а ядийна.
Котамашна дукха тебначу цхьогалан ц1ога даьккхина.
Т1ахъаьллачу динна барзо а х1ума ца до.
Ц1ога доцуш къиг а хуьлу ирча.
материал предоставлен сайтом www.chechen.org
Количество просмотров:
Вернуться в раздел Статьи