О насМухаммад (с.а.в.)Мекка onlineГрозный onlineПереводчик onlineСМИ о насКонтакты

Статьи

 
Нохчийн г1иллакхаш

Нохчийн г1иллакх – оьздангаллин г1ала замано йохор яц, нагахь вайх х1ораммо а иза 1алашъяхь, шен леларца, вистхиларца, дечу г1уллакхца. Иза лаьттар ю, нохчийн къам мел деха.

ШУН

Тахана вайна юккъехь долчу к1ез-мезигчу х1уманах цхьа доккха бахьана а дой, шайлахь дийца а доладой, вовшашна кхиссарш-1иттарш ян зударий буьйлабелча, «ва нах, ма доккха х1ума деана-кх кхарна юккъе», олий вуьсу.

Д1ат1аьхьакхиъча, механ тай диллал а бахьана ца хуьлу девнан.

Амма г1уллакх цхьана кепе дерзийча, вовшашна шаьш ечу восах уьш кхеташ хилча, яппарш ян царна бахьана дуьсур дацара аьлла хета. Цкъа-делахь, чу вог1-вог1ург шуьне вог1у моьтту царна. Иза иштта дац. Нах шуьне кхойкку цхьа ондда бахьана даьлча: дуккха а шерашкахь ц1ера ваьлла лелла, я набахтехь хан яьккхина стаг ц1авеъча, кхин оцу кепара дерг нисделча.

Вуьшта чувеанчу стагана хьалха пхьорх1оттадо. Иза хууш хилча х1усамнаношна а, туьха-сискалх кхеташ волчунна а хуур ду, ша муха хила вог1у.

Вайна, къаьсттина зударшна, дицделла дог1у хьеший чу ма-кхеччинехь, салам-маршалла а хаьттина, юьхь-куьг дилинчул т1аьхьа: « Цкъачунна са теде, яах1ума х1инцца йина йолуьйтур ю», аьлла, царна хьалха хий, туьхий, шозза-кхузза кхаллал «сискаллий» йилла езаш хилар. Чу кхаьчначара некъахь мел хан текхна, уьш кхачанах кхетаза мел хан яьлла ма ца хаьа. Йижарий! Дала кхоллина цхьа а тайпана эхь т1едог1у долчех дац шуна иза, вайн наноша лелийна и г1иллакх.

Олуш ду вайн «мацвеллачо – мазца юу», иза эрна аьлла дац. Мацвеллачун собар мел деха ду хьажа а ца г1ерташ, йолуш ерг хьалха йилла. Таханлерчу дийнахь шун х1оттон, иза кечдан масийтта кеп хаа езаш хьал нисделла вайна: 1аьрбийн, шведийн, японийн, нохчийн. Дуьйцург кхачанах лаьцна дац, шун д1адахьаран кеп ю. Вай т1елаьцна яьллачех лара мегар ду аьлла хетта суна, оьрсашкахула вайна юккъехь яьржина йолу Европан къаьмнийн кеп: урс – хьалхарчу бошхепана аьтту аг1ор диллар, аьрру аг1ор – 1айг, м1ара биллар.

- Чу нах бог1ур бу аьлла, шайга доьзалан дас хьалхе хаам ца бинера, юьхь1аьржа х1иттийна цо шаьш, - бохуш, безабеш дукхе-дукха х1усамнаной гина вайна. Нохчийн вадца (основа) шуна т1ехь дерг – чувог1ург доггаха т1елацар а, йолуш йолчух тоам а бина, ерг хьалха йиллар ду-кха. Важадерг ц1ийндена т1е ма дужу. Вайн дайшкара схьадог1учо шуна т1едожийна дукъ – елаелла-екхаелла, чувеанчунна юха а ван дог дог1ур долчу кепара лелар ду. «Гайт1ингаран» г1уллакх хьалха а даьккхина лелаш верг, чу ца лестор бен молха дац. Шена хьалхара «хьаьвда» лах ма-деллинехь, хондаргаш шаьш совцу. Нохчашна хьалха заманахь урс-м1ара х1ун ю хууш ца хилла бохурш эрначу хабарех ду. И дерриге а каг ца до ткъа, йо1ах муха ц1ийна-нана хир ю хаархьама, цо текх ц1ена лелоре а, к1ентан цесте (орсаша подкинжальный ножик олу цунах, г1алг1аша–мукх) хьожуш хиларо. Куьйгашца х1ума яа вай Шемалан халачу заманахь бен дуьйладелла дац.

Иза бакъдеш ду вайна юккьера цхьацца долу кхин х1уманаш а. Масала, цастар доккхуш юу х1ума т1омехьара йолош ю, хорбаз хуьлда иза я паста. Наьрс, сийна хох, саьрамсекх шегахьа з1ийдиг йолуш берзийна бацара аьлла, шаьш царах ца кхеташ, шун т1ера хьалаг1евттина нах суна х1инца бевзаш бу. Бепиг (булка) охьадилларан а ю шен цхьа нисйина кеп. Дилла дезачу кепара дерзийна дацахь, ша мел меца хиларх схьаоьцур дац оьздачу стага. Цастаран букъ болу аг1о стагана т1е а ерзайой, дуьллу бепиг охьа. Хьахийначара а, хьахоза дисанчара а гойту шуьне хаар а, цигахь лела ма-везза лелар а, доккха маь1на долуш хилла хилар.

Урс, 1айг, м1ара лаца деза бохучунна гонах хезаш дукха къамелаш ду. «Нагахь уллехь волчунна цунах новкъарло ца хилахь, хьайна аьтто болчу кепара лаца», - ала дог1у.

К1езиг лелаш дац чай доттарца доьзна хабарш а. Иза вайна юккъедаьлла дукха хан яцахь а, цуьнца доьзна а цхьацца некъаш х1иттина. Масала, бошхепана чохь т1уналла йолуш чай далар, х1усамненан оьзда цахилар лору, кхетамна гомха хилар а го. Духе кхиа воьлча, стака схьаоьцуш, цу т1ера т1адамаш оьгу. Шуьнехь нисвеллачун оьздангалла лахара хилар гойту, шена хьалха йиллинарг куьйра йолуш санна, стакан чу 1айг хьийзо волаваларо.

Шунна гонах д1анисдалар кхочушдан хала г1уллакх хуьлий д1ах1утту вайлахь. Хьалха вай бийцинчу, лара безаш болчу наха, вовшашца ца туьгуш, цхьа сахьт хан йойу. Цул ошуш дерг – г1иллакх леладо шаьш бохуш, шайна хьалха кхача биллича, охьахевшинчара вовшашна хьалхара бошхепаш д1асатеттар ду. Гонаха хьийзачеран х1оранна а т1екхача аьтто боцуш меттиг нисъелча, лахара дуьйна вовшийн кар-кара луш, стоьлан баьрчехьа д1акхачадо бошхепаш. Кхача хьалхий-т1аьхьий охьабилларан раг1 иштта хила йог1у: 1)тхьамда, 2) тхьамдина аьтту аг1ор хиъна волчунна, 3) т1аккха аьрру аг1ор 1ачунна, и д1. кх. а, цхьанаэшшара дехьа – сехьа кховдош, духе кхаччалц. Кхача - деза х1ума ду, иза д1асатеттар мегачарех ца лерина. Иза Ахьмадна я Мохьмадна буьллуш бац – иза меттиге х1оттош бу. Ткъа цига милла а нисвала тарло. Ишттачу метте кхаьчча, вай хьалалелхий, шен-шен меттиг т1евеанчунна д1аяла г1урту массо а. Г1араваьлла Турпал-1ела велахь а, бухарнаш кхузза кхачанах кхета кхиънехь, т1евеънарг, парг1ат йолчу меттиге охьа а хиъна, кхачанах кхета везаш ву.

Тахана шуьне нисвеллачунна 1аламат хала ду, кху чохь «хьаша мила ву, юьртахо мила ву, хийраниг, хийра воцург» къасто. Х1унда аьлча, тхьамдина уллера меттиг еза хеташ, хи т1е г1оьртина хьагделла бежнаш санна, цига г1ерташ берш дукха хуьлу. Иштта кеп ца х1оттийта, шуьна гонах нах охьаховшаран кеп йовза еза. Цунах къамел кхин цкъа а карла ца даьккхича дер дац: тхьамдина аьтту аг1ор хийр-хийраниг хьалха а хаош, д1анисбо хьеший. Т1аккха чоьхьаваьллачунна, хеттарш дан ца оьшуш, б1аьрг ма-туьххи, хуур ду ша хьалха-т1аьхьа хьанга х1ун ала деза, дан деза. Муьлххачу а кепан хьалхара 1алашо и ма ю. Х1усамда, нагахь охьалахлахь а, не1саг1ехь д1атарло.

Нагахь санна шуьна гонаха х1усамден ненахой, дехой цхьаьна нисбеллехь, хьалхарниш аьтту аг1ор ховшош ду, аьрру аг1о тайпана болчарна йог1уш ю. Ненаваша, деваша ву тхьамдина аьтту, аьрру аг1онаш йоькъург. Цигара д1а гергарло лахдаларе хьаьжжина, гергарло гена мел ду – меттиг баьрчехьа хуьлу (нийсса б1останехьа нисло - тезетахь, цунах – шен меттехь).

Юург-мерг хьалха йиллар а, д1аэцар а ду шен кеп йолуш. Оьшна (стоьлана) гонаха хьовза кегийрхошна аьтто болуш хьал нисделча, юург аьтту аг1орхула бен охьайилла йиш яц, ясъелла пхьег1а аьрру аг1орхула д1аоцу.

Шунна гонах гулбеллчарна т1ехь цхьа а декхар дац аьлла хеташ берш бац к1езиг. Яар, малар, шайна дага, бага а деънарг лелор доцург, важадерг дерриге а х1усамна кочахь ду моьтту царна. Шуне веанчо лелон дезарш, цунна хаа дезарш дукхе-дукха ду. Уьш шадерш а вай дийцина девр дац. Амма коьртачарах дерш хьахор ду. Уьш ду: шена улле нисвелачунна цхьана а кепара новкъарло ца яр; х1усаман дайшна а, чохь гулбеллачарна а товр доцург шех ца далийтар; чухула д1аса б1аргаш ца къерзор; б1аьрг т1ех1оьт-х1оьттинчу х1уманна т1екхача г1ерташ, шунна т1ехула т1аьрзенаш д1аса ца хьийзор; дуьйцург-олург хезачуьра а ваьлла, нойна чуиккхина херси санна, юучунна, голаш хьала бина, чу ца валар; цхьанна, т1аккха вукхунна лере оьхуш, шабарш ца дар; ша бохучунна, дуьйцучунна массеран а тидам т1ебахийта г1ерташ мохь ца беттар.

Сутарчу стагана (зудчунна), аьр вай, бепиган цастар а, шена хьалхарниг лулахочунчул мелла а эшна хеташ, схьадог1уш ду дуьне доладелчахьана а.

Оьзда стаг шуьнехь гуш хуьлу. Дагалаца Паскевичан шуьнехь Таймин Бийболатах А.С. Пушкина бина тидам. Оьзда стаг цхьанна а х1уманна т1ехь нахал къаста г1ерташ ца хуьлу, юучунна-молучунна чу ца волу, хабарна т1ехь а. «Цо яа юий-те?» - боху ойла кхоллайолуьйту цо шех.

Веза лоруш волчу хьешана уьстаг1 а боьй, корта, накха, аьтту пханар, (уьстаг1 дума болуш хиллехь) дума а , цунна хьалха буьллуш хилла. Хьешана хьалха юьллуш хилларг х1ун ю-м массарна а бохург санна, хууш дара. Амма уьш шена хаьлха дехкича, царех дезар муха дан деза хууш стаг к1езиг нисло. Коьртан аьтту аг1ор б1арг болччуьра, мочхалх йоккхий цетуху, аьтту б1аьрг-лерган юьхьигах а, меттан буьхьигах а х1ума йоккху. Нагахь санна цу юьртахь лоруш велахь, « кху юьртахь махкана везаш-вевзаш стаг а волуш, кху пхьорах веттаваллал веза ца хетта суна суо», - олий, шена хьалха диллина пхьор цига д1адахьар х1усаман дайшна т1едилла магош ду хьешана. Нагахь санна хьашас пханар даа дола а дина, охьадиллинехь – х1усамдена хаам бу иза хьаша д1авоьдучу хенахь цунна новкъа даккха д1адилла дезар. Вай-м хьовха, кавказхойн а вуо лоруш ду, коьртаца мочхал далар. Аьрру пханар а дац шуьнчу дуьллучех.

Хьаша вар а, т1еэцар а массо хенахь деза г1уллакх лерина вайнаха. Хьешана не1 къовлар, цуьнан хьашташка ца хьажар доккха эхь лоруш хилла. Хьаша-да т1еэцарна доьзна нохчийн цхьадолу г1иллакхаш билгалдохур вай.

1. Вевзаш вара, вацара ца бохуш, хене ца хьожуш, т1еоьцуш ду хьаша.

«Вевзаш вацарх, ломахь наха даима оьцу Хьаша т1е» (А.Сулейманов).

Кхин ца масал а далор вай:

-«Ассаламу 1алайкум! Хьаша т1еоьций аша? - Ва 1алайкум вассалам! Йокъанах дог1анна санна, т1ера ду-кха тхо хьешана, - жоп делира лекхачу дег1ахь волчу стага:

- Тхо ч1ирхой ду. Сан ц1е Хасболат ю. Ткъа х1ара сан к1ант ву, Шахьби. Буьйса яккха меттиг езара тхуна.- Марша вог1ийла хьо! Чоьхьавала. Хьайн ц1а веана хьо»;

2. Хьалха заманахь, чуван-аравала аьтто боллучу олий, юьстах доккхий, дуг1уш хилла хьешан ц1а. Иштта, вог1у-воьдучунна олий, юург а, мотт-г1айба а латтош хилла. «Масане шен доьзалх хербина кхача х1оттош, цунна баржоза мотт буьллуш, х1усамнанас хьаша-да верзийна» (М.Мусаев);

3. Т1евосса х1усам хоьржуш а, хуьйцуш а дац. Буьйса юкъал т1ехьяьллачул т1аьхьа кхаьчна хьаша, ша т1евоьссинчохь саца декхарийлахь хилла;

4. Хьаша х1усамдена а, юьртана а бехке ву. Массо а кепара цунна цатам хинболчух ларво иза. Нохчийн г1иллакхехь цо жоп ло хьешан коьртах. «Шен кертахь стаг ца воьйту нохчочо, эхь ларало иза» (М.Мусаев). «Хьешан бохам - юьртан эхь»;

5. Дерриге дитна а, хьешан г1уллакхе хьажа веза. «Дан амал долчу х1уманна бехказло йина бита тарлуш дац хьешан лаам, сакъера веанехь, самукъадаккха деза, лурвоьлла веанехь, ларван веза. Цо арабаьккхинчу некъан г1уллакх кхочуш ца хилча, ц1ийнан ц1е южу» ( Д. Кагерманов). «Сан дика д1аэцар я цаэцар – иза хьан хьайн г1уллакх ду. Ткъа керта а веана къамел дечу стаге ладог1ар - вайн а ворх1е а дайшкара дуьйна схьайог1уш къоман оьздангалла ю» (Н.Музаев);

6. Хьешана юург яларан а бу шен бехкамаш. «Бен-берса кхача схьабаларе а ца хьоьжуш, чу ма-кхеччи хьешана «туьхий-сискаллий» (вуьшта аьлча, кийча ерриг) хьалха х1отто еза» (С-М Хасиев). Генарчу, хийрачу хьешана шен таро елахь уьстаг1 буьйш ду. «Уьстаг1 а бийна шун х1оттийча, кортий, накхий хьешана (я хьешех воккхачунна) хьалха дуьллу. Цо шун доладо уьрсаца бета юьххьера, я лерга юххера мерцхалг доккхий». (Х.А Берсанов). Юучух кхетталц, хьешо беанчу некъах хеттарш ца до. «Кавказан ламанхошна юккъехь б1е шерашкахь схьадог1у г1иллакх дохо ца лууш, уьш кхача биъна бовллалц хеттарш ца деш 1ара х1усамда» (А.Айдамиров). Хьешана кхача не1аре кхаччалц зударша бохьу, ткъа хьалха – кегийрхоша буьллу;

7. «Х1усамдас не1арх чоьхьа хьалха хьаша волуьйту. Арабовлуш, х1усаман да хьалха араволу. Т1евеънарг ларварца доьзна ду и г1уллакх. Хьаша хийра мел хили а, цунна т1аьхьа валар гено т1аьхьаоьхуш хуьлу. Амма чуьра араваьлларг юьртара стаг хилча а, иза кхузза юхахьажжалц чу ца воьдуш, соцунг1а хуьлу х1усаман да» ( С-М Хасиев). « 1уьйранна шен къона хьеший новкъабаха юьртах валлалц веара Мажа» (У.Гайсултанов);

8. Веанчу хьешана, генара-гергара хиларе хьаьжжина, совг1ат дан тарло.

Дешначу стагана деза совг1ат ду Къор1ан. Совг1атана ло дин, герз, сурт, книжка, коч. Билгалдаккха деза совг1ат дар т1ехь цахилар.

Хаьша веза ву, цуьнан лерам бан хаа деза, ткъа хьешанна шен меттиг ларъян хаа деза. Цунна цхьа-ши масал далор вай. «Шемал, хьо имам а, шайх а ву, - элира цо кура. – Ткьа со оьзда нохчо ву. Шайн цигахь суьлийн г1иллакхаш лелор ахь… Амма сан х1усамехь нохчийн г1иллакхийн сий дан дезар ду хьан. Нагахь и тайпа эвхьаза дош суна шолг1а хеза-кх… Хьо милла велахь а, могуьйтур дац ас… (А.Айдамиров). «Шахьбина шогачу дешнаша догдат1ийначу М1аьчиган и човхо ойла хиллера… . Амма ша цуьнан х1усамехь х1инцца цуьнан шуьна т1ера г1аьттина хилар дагадеана, сацавелира» (А.Айдамиров).

Хьаша-да т1еэцарх къамел дуьззина хир дац, масех кица ца далийча:

-«Хьаша-да ца леринарг хьошалг1ахь а ца лерина»;

-«Оьзда воцу стаг хьошалг1а веъча дика кхаба, оьздачунна ерг елча а кхачам хир бу»;

- «Хьашана шега д1акховдийна меттиг ларъян хаа деза»;

- «Хьаша веанчохь дукха ца 1а, амма цунна дуккха а го»;

- « Хьашана халахетар дечо шашена юьхь т1е туйнаш детта»;

- « Ц1ахь хьайна луъург яа, хьошалг1ахь - хьайна елларг»;

- « Хьаша ца вог1учу керта ирс дог1ур дац»;

- « Нагахь баттахь цкъа хьешо хьан х1усаман не1 ца тохахь, цу чу, не1 а ца тухуш, бала бог1ур бу»...

Хьаша, Бож-1елиний дайна « г1ийла х1ума ю», боккхачу бохамо, некъахьовзамо, цхьа орца эшаро валаво стаг евзаш йоцчу х1усаме. Цундела дицдан ца деза, Сулейманов Ахмадан дешнашца аьлча:

«Цу кхерчачу ц1арочул а

хьаша вохвеш, йовхо луш,

Ю вайнехан комаьршалла,

ду вайнехан оьзда дош !»

Нохчийн кицанаша хьоьху вайна хьаша доккха беркат, ни1мат хилар:

Хьаша-да т1еэцаран г1иллакх дохор Дала, цхьа бекхам ца беш, дуьтуш дац. Иштта, ширчу дийцаро а ч1аг1до.

Къоьзан-1ам болчохь цхьана хенахь юрт хилла боху. Цига, лелаш, цхьа миска стаг кхаьчна. Буьйса а йолла, нехан наь1аршка х1итта воьлла иза: «Х1ей, хьаша оьций аша?» - бохуш. Амма иза цхьаммо а чу ца витина, эвла йистехь шен берашца йисина 1аш йолчу цхьана зудчо бен. И доьзал боцург, массо а х1аллак а хуьлуш, хи т1е а даьлла, 1ам х1оьттина цигахь. Иштта кхоллабелла боху Къоьзанан-1ам. Цундела, мел хан йоцчу хенахь хьешо не1 тоьхнехь а, поэта Хасбулатов Ямлихана ма-аллара:

Ассалам 1алайкум,

Схьавола, хьаша,

Боккха некъ бай х1ара-м,

Хьо лела маьрша!

Вайн кет1а беза мохь

Билла ахь, хьаша…

Ассалам 1алайкум,

Бакъ некъан хьаша,

Хьо ваза хьевелча,

Деса ду-кх дахар

КУЬГ КХОВДОР - ЛАЦАР

Куьг кховдор-лацар а ду х1ора къоман шен-шен кепара. 1илманехь билгалдаьлла ду кхечу билгалонашца цхьаьна, масала: духарца, кхачанах кхетаран кепашца, г1ишлош йог1аран-х1итторан хьелашца иштта д1. кх., дег1ан чарх дукха я кезиг экаме ларарца а къаьмнаш вовшех къаьсташ я цхьаьнадог1уш хилар. Вайн къоман кхетамехь лелачу дег1ан чорхан экамаллин барам буста воьлча, вайца цхьа а къам дог1уш ду аьлла ца хета. Иза дуккха а х1уманаш т1ехь билгалдолу.

Вай долчу веъна кхечу къомах волу хьаша: « Ванах, къамел мел ч1ог1а (мохь бетташ) до-кх аш », - олий цецволуш меттигаш к1езиг ца нисло. Цуьнан бахьна, хабаре ваьллачу шина юккъехь хила йог1уш йолчу меттигах доьзна ду. Къамел деш лаьтташ волчу шина юккъехь 40-50см. хуьлуш ю (комфортное расстояние) олу цунах 1илманехь; 1амеркахойн (США) и юкъаметтиг 1метр кхоччуш хуьлуш ю. Хьо цаьрца къамел тасаделла валлахь, хьо т1ехилахь иза вуха вер ву, нагахь хьо юха валахь, иэа хьуна т1е хир ву. И меттиг вайна юкъахь цхьа лезанан г1уркх (5,3 м) ларалуш хилла хьалха. Цундела, «ты меня уважаешь?» - бохучохь билгалйоккхуш йолу юкъаметтиг вайн вадца йог1учарех яц. Цхьадолчу къаьмнийн 1едал ду, и ун вайн цхьаболчу накъостех а хьакхаделла, къамеле ваьлла ши стаг хилча, ша аьлла дош т1еч1аг1деш ладоьг1уш волчунна муьшкаш еш. Иза вайн ду ала, хала х1ума ду. 1аьнарх 1аь хьерчаш, хабаре валарх а, вовшех хьакхаваларх ларлуш а лелийна вайн дайша къамелдаран кеп.

Ши стаг новкъахь дуьхь-дуьхьал нисвелча, дала дог1учо, 6 г1улч юкъахь йиссинчу хенахь салам луш ду. Нагахь санна куьг луш-лоцуш хьал х1оьттинехь, 4 г1улч юкъахь йисссинчу хенахь, вукхо, салам д1аоьцуш, куьг кховдош ду. Куьг пхьаьрсан голехь саттийна доцуш, юкъах дихкинчу доьхкарна лакхахь лоцуш ду.

Пхьоьг1анехь, х1усамехь я кхечахьа гулбеллачу нахана т1евог1учо ло салам. Салам схьа а эцна: « Марша вог1ийла хьо!» - олуш, бухарчара куьг д1а а кховдош, т1евог1ург т1еоьцу. Д1авоьдуш волчо: «Марша 1ойла шу, я 1одика йойла шун» - олий, бухахь буьсучаьрга хьалха кховдадо куьг.

Геннара куьг кховдийна т1ег1ертар, я мерах мара кхеттачу хенахь куьг кховдор нийсачех лоруш дац. Бакъду, хьаькамо шел даржана лахарчуьнга я даржехь ван а воцчуьнга геннара куьг кховдорах бехке лоруш ца хилла вайн. Мелхо а стаг къонах хиларан билгало хилла, ша даржехь хьала мел вели, мискачу нахе ларам цуьнгахь сов балар.

Го бина лаьтташ болчу нахана т1екхаьчначохь, я чохь болчарна т1ех1оьттича, бухарнаш пхеа стагал сов белахь, воккха вуй, хьаькам вуй бохург доцуш, аьрру аг1ора аьтту аг1ор куьг лоцуш, чекхвала веза.

Куьг далар-лацар йоккха т1аьхье а, маь1на а долуш х1ума ду нохчашлахь, доккхачу декхарийла а ву и делларг а, лаьцнарг а. Куьг вахийтаран маь1нин а, цуьнан чулацаман а (иза кхоччуш теллина доцучарех цхьаъ ду) ойла ян ваьлча (адаман чарх экаме ларарца дуста а дуьстича), цхьана хенахь нохчашна юкъахь куьг далар-лацар лелаш ца хилла аьлла хетало.

Цу юкъа бог1учара шайна хьалха лаьцна 1алашо нохчийн къоман вадца, хьежамашца, кхетамашца ч1ог1а цхьаьна дог1уш гергара а ду.

САЛАМ - МАРШАЛЛА ХАТТАР

Х1ора къоман маршалла хаттаран кепаца гучудолу цуьнан дахарехь коьрта меттиг муьлхачу мехалло д1алоцу, къомо хьалха х1ун тотту.

Вайна ма-хаъара, оьрсаша «Здравствуй» олуш – могашалла ю хьалха тоттург. Иштта китайцаша: - «Ел ли ты?»; парцоша - « Будь весел!»; зулусо « Я тебя вижу»; 1аьрбийн «Салам 1алейкум» - « Мир тебе»; «1алейкум салам» - «И тебе мир» бохург ду. «Салам» бохург нохчашна шен ма-дарра маь1ница т1еэцна. Шеко яц, иза нохчийн маттахь «маршалла» бохург хилар. Салам-маршалла аьлла и ши дош цхьаьна тесна хиларо а гойту иза иштта хилар. Сих-сиха олуш хезачех ду: «Могаш-маьрша» бохург. Хетарехь, бусалба дин т1еэцале и кеп шуьйрра яьржина леллачух тера ду вайна юкъахь.

Салам далар-эцар бусалба динца вайна юкъахь даьржинехь а, иза юкъахь леларан кеп, некъаш 1аьрбийн, нохчийн а тайп-тайпана ду. Царна юкъахь салам масийттазза луш а, дала дог1уш а ду: дас – к1анте, к1ант – нене, нанас – йо1е, йо1а – дега, вукхара вовшашка, иштта д1. кх. а.

Нохчашна юкъахь салам далар - эцар шен маь1на, шен х1отто бух а, лаца т1ам а болуш х1ума ду. Салам «къонахчун дош» бохучу даржехь лелийначех а, леллачех а ду. Нохчашлахь салам луш ца хилла т1ом-ч1ир юкъаян йиш йоцчохь. Ткъа «т1о-ч1ир» бохург къонахчо лелош ца хилла цхьана а зудчуьнца; юкъ ехказа волчу кхиазхочуьнца; юкъ ястина волчу къанвеллачу стагца; шеен ц1ийнах волчу гергарчуьнца, ненахошца, захалашца (юкъахь кхуьуш доьзалш белахь). Цьарга салам ца далар – уьш ца ларар дац, цаьрца болу ларам, уьйр- безам ша тайпанчу т1ег1ан т1ехь лелаш хилар ду.

Нохчийн г1иллакхашца, салам кховдош хилла г1еметта х1оьттинчу къонахчо къонахе. Цундела саламан дозаллина, г1арт олий, дег1 нисдеш, хьалаг1отту вайн къонах. Оцу тайпана салам т1еэцаран «кеп» кхечу бусалбана къамнашна юккъехь лелаш дац.

Нохчаша салам мич-мичахь а, хьаьнг-хьаьнга а луш дац! Бусалба воцчуьнга вай салам цадалар, хетарехь, важа бусалба цахиларца доьзна дац. Цуьнан бахьана, саламан дозаллин маь1на хууш вуй те важа. Масала, вайн баккхийчарна Юккъерчу Азехь гина х1ума ду, казахийн, г1ирг1азойн салам далар т1ехь хьалхаваьлларг тоьлла лоруш хилар.

Цуьнга хьажна доцуш, нохчашлахь салам даларан шен х1оьттина яьлла кеп ю: жима-воккха бохург доцуш, салам даларан хьалхе - т1евеъначуьнгаххьий, т1ехволучуьнгаххьий ю. Хьалхе т1ейожайо говрахь, ворданахь, машенахь болчарна; лакхара (гу т1ера, лам т1ера) охьавог1учунна, т1ехь барзакъ бен-берса долчунна; карахь (марахь,гихь) мохь боцуш - парг1ат вог1учунна.

Малхбузехьарий, къилбаседехьарий вог1учо; дешна волчуьнга - дешна воцчо, (1илма долчуьнга – доцчо) хьалха луш ду вайн салам. Лакхахь далийначу хьалха салам даларан масалийн маь1наш вовшашна герга хетахь а, ша-шен башхаллаш йолуш ду. Ломара охьавог1учо, говрахь (машенахь) волчо, куьг (дег1) парг1ат долчо салам хьалха даларан маь1на - ловш йолу хало, дег1ан чорхана хилла ницкъ тидаме лацар ду. Ала дог1у кхин цкъа а, вай билгалъяьхна нохчашна юкъахь салам даларан-эцаран кепаш, стеган сий-пусар, ларам бар – даржаца, гулдинчу дуьненан риц1къаца, и д1, кхин долчьунца доьзна доцуш, оьздачу дозаллийн даржехь айина лело хакъ долчарех цхьаъ ду. Оцу г1иллакхийн маь1на суна ца хетта вайн дайшкара вайга кхаьчна йолу и амал, и г1иллакх вочарех а, емалъян оьшучарех а.

Йишин к1анта – ненахошка, невцо - стунцхошка салам далар нийса лоруш ца хилла. Осалчарех хеташ хилла кхиазхоша баккхийчаьрга салам далар а.

Стаг хилла кхиъна лору доза имам Шемала 15 шаре охьадалийна хилла. Шейх Мансур волчу хенахь и киртиг 24 шо т1екхочуш бен ца хилла. Халкъалахь дийцарехь, цхьана хенахь 33 шо кхаьчча дуьйна д1а юстуш а хилла боху иза.

Тахана х1оьттинчу хьелашка диллича, ишкол чекхйоккхучу хенаца - 18 шарца къастор дара ас и. Зударшка, юкъ яьстинчаьрга (шаьлта - доьхка охьадиллинарш, пхьа-ч1ирна юкъа ца бог1урш, дуйна т1е ца те1ораш, 67 шо когашна к1елхьарчийнарш, кара 1аса лаьцнарш бу хьехориш) салам луш ца хилла. Де-буьйса, 1уьйре-суьйре декъалъярца йолу кеп лелош хилла цаьрца а, цара вовшашна юкъахь а (зударий бу буьйцурш).

Билгалдан деза, т1евог1учо, т1ехволучо салам-маршалла ца хаттарх бехказа волуьйтуш хилла вайн г1иллакхо, нагахь санна бухарниш кхуьнан (кхеран) тидам ца беш (хьала ца г1овттуш, я кхечу кепара ларам тидам ца беш) меттиг хилахь.

Хьалха-т1аьхьа салам-маршалла хаттаран шен билгалчу хот1е йирзина кеп ю кегийчу наханий, мехкаршний юкъахь лелаш. Йо1е маршалла хьалха хоттуш ду. Кхузахь билгалдаккха дог1уш цхьа х1ума-м ду: йо1а маршалла хьалха хаттар - иза ша жимчу стагана реза хиларан гайтам бу; синкъерамехь т1аккха хецна къамел дан йиш хилар, цуьнан дош йо1а юхатухург ца хилар.

Къахьоьгуш (болх беш) воллучуьнга салам-маршалла хьалха д1акховдош г1иллакхехь лерина ду вайн: «Хьекъийла», «дебийла», « т1аьхье беркате хуьлийла», и д1. кх. а, бечу балхе хьажжина т1е а тухуш. Маршалла хьалха доккху дика я вон т1едеанчуьнга а.

Вайн г1иллакхашца ца дог1учех ду синкъерамехь, ловзаргахь, мичхьа а нах гулбеллчохь (хуьлда иза гулам, я конференци) къамел дерзаре а ца хьожуш, уьш юкъах бохуш, т1евар а, салам далар а. Къамел деш верг, хелхаволуш верг, эшаре ладуг1уш берш севцначул т1аьхьа дала дог1уш ду салам, къаьсттина къамел деш верг юкъах ваьккхина, юкъаг1ертар ларт1ехь дац.

Х1окху балха т1ехь цуьнан уггаре коьртаниг, маь1не дерг билгалдаккха деза. Цунах цхьадолу жам1аш деш, ала дог1у, нохчийн г1иллакхехь салам луш ца хилла:

1. Ламаз т1ехь волчуьнга (иза Далла дуьхьал х1оьттина ларало дела);

2. Къор1ан доьшуш волчуьнга (Делаца къамеле ваьлла ларалушволу дела);

3. Мола кхойкхуш волчуьнга (иза Далла дуьхьал х1отта кечлуш лору дела);

4. Кхачанах кхеташ волчуьнга (иза Делан рицкъанах кхеташ волу дела);

5. Шен ц1ийнан (гергарчу) нахе 7 дегара валлалц дов а, ч1ир а лелон йиш йоцчаьрга);

6. Ненахошка (тукхамхошка) -8 дега кхаччалц берш (ма-дарра аьлча наной бара багар бан безарш-м) – бехке ларарна;

7. Невцо - стунцахошка;

8. Зударшка, кхиазхошка, юкъяьстина болчу баккхийчаьрга;

9. Маьждигехь (иза Делан ц1а хиларна. Цу чу воьдучо дуьненан г1уллакхаш, х1умнаш – хьаг1-бода, вон ойланаш, арахь йита еза дела);

10. Ламаз оьцуш волчуьнга;

11. Верзина волчьунга.

Салам дала ца дог1учохь, масала, юучух кхеташ волчуьнга: « Г1оза яийла, я барт цхьаъ бойла» - ала тарло. Иштта меттигаш (ситуацеш), дукха нисло 1ер-дахарехь. «Хьекъийла, дебийла, г1оза дагориг хуьлда, г1оза даориг хуьлда» - х1оьттинчу хьоле хьаьжжина олуш ду вайн.

ЗУДА ЯЛОР, ЕРЗОР

Хууш ма-хиллара, шаьшшиннан дахаран некъаш цхьаьнатоха сацам хиллачу йоь1ан а, к1ентан а «къайленаш» нахала ца йовлуш ца юсу. Г1иллакх шинна а аг1оно лелорца бен гучудала а, лела а йиш йоцуш х1ума ду иза. Керла кхоллалуш болу доьзал, г1иллакх а санна, ши аг1о, «ши там» ца хилча кхоллабала йиш йоцчех бу. Нах болчу наха иштта шайна т1едеана захало т1е ца оьцуш меттиг суна ца хааелла. Нах болчу нахаца нисделча, цу т1ехь г1уллакх хаза, оьзда д1адоьрзу.

Нах боцчу нахаца нисделларг зударийн карадоьдий, нах кхардал х1ума хуьлий марсадолу, гергарлонна юккъе мекха юлу. Г1иллакхаш х1ун ю шайна ца хуучу наха, нахалахь шайн сий хьаладолу моьттуш, базбала а г1оьртий, безаман уьйра т1ехь х1отталуш болу керла доьзал боха а бой, гойту шаьш нах цахилар.

Цкъа хьалха йоь1ан дагара а хаа, йо1 еха воьдург, оьздангаллех къаьстина, я оцу дашо чулоцург ша дуьненчу волуш дуьйна а шен сих хьакхадалаза хила веза. Ишттаниг бен цига г1ур а вац. Массара а дагахь латто дезара « Букъ бойна а, б1аьрг баьлла а вацахь, нахана шех бала а ца беш, к1анта ша лаха еза шен х1усамнана».

- Шеца нус я кхин волуш, тоьхначу хенахь, ша йиллинчу метте йог1у йо1. Циггахь шен накъосташца уьш бог1у ларбеш хуьлу к1ант а. Уьш ларбеш лаьттачарех гергарчо, я доттаг1чо, несана кара х1ума а «совг1ат» кховдадой, «бисмилла» даккхарца цуьнан куьг лоцу. Т1аккха: «Тахана дуьненахь а, кхана къематан дийнахь а, когашна к1елхьара латта, вайга хьоьжуш долу стиглара седарчий, х1ара вайна гонах лаьттарш теш лоцуш, тховса дуьйна сан йиша а, тхан нус а ю хьо», олий, ялош еанчуьнгара иза схьаоьцу ( йо1аца йолчо д1ахоьцу цуьнан аьрру куьг).

Нус йоссайо ненаваша волчохь, я и яло ваханчохь йо1ах дуьххьара куьг кхетта доттаг1 1ачу х1усаме. Дуьнен чохь уьш мел дуккха бахарх, царна юккъера уьйр-безам лахбала йиш йоцуш гергара нах хуьлу царех. Уьйр ца хеда йоссийначу х1усамца а.

Вай хьалха ма-аллара, к1ентан да-нана, шайн хинболчу захалшка, шолг1ачу 1уьйранна, шун йо1 ша реза а йолуш, хьенехан к1анте еъна, цигахь йоссийна ю, олий, несан верасаш болчу нах хьовсабо. Цигахь, я т1аьхьо леррина бахкийтинчу наха къастадо там-мехаца дерг. Оьзда ларалуш ду, нагахь т1ебаьхкинчара х1ара-важа аьлла къамел долийча, бухарчара «Вайна юкъахь гергарло тасаделла. Д1а коч, схьа коч бохурш юха а теттина, тхоьгара эшнарг шайн аг1орхьара аш дуьжуьйтуш, шуьгара эшнарг оха шуьгара ца лоьхуш, цкъачунна керла доьзал д1анисбийр бу вай», - аьлча.

Г1иллакхца - г1уллакхца дерг дахаран дохаллехь гайта киртигаш х1уьттур ю шуна т1е. Т1аккха шун мах наха шаьш хадор бу. Ткъа оьзда боцчу наха и г1уллакх зударийн кара ло. Вуьш-м «х1арий, важий ца хилча йиш яц» олий, список х1оттайой, иза лула-кулахь гойтуш, шайн йоь1ан шаьш хадийначу мехах дозалла деш буьйлало. Иштта сурт гича, моьттур ду цара духкург шинара ду. Адаман мах дуьненан дохнаца хадалуш бац. Кхуьу йолу т1аьхье хьесапе эцча-м, мах уьссаза лакхара ма-бай.

Захало мухха нислуш хилча а, юкъадог1уш а, ца къастийча ца долуш а цхьа юкъара х1ума ду… Вайна юкъахь там, мах, урдо, олий, декъалуш ду шина аг1оно вовшашца лело дог1ург. Вайн зуда стеган ц1арт1е ца йолу мах баллалц. Ма-дарра дерг дийцича, йоь1ан а, к1ентан а шина а аг1онан коьрта 1алашо ю керла кхоллалуш болчу доьзална г1ортор хиларехь а, накъосталла дарехь а. Оьздачу наха тахана а «там» бохучу кхетамца лелош дерг, цхьана бежнан мах бу. Ялийначу жимчу зудчун дола доккхуш долчу дохнах олу урдо. Зудчун бехк а боцуш йитахь, я йисахь а аьлла, цунна хене яла т1аьхьалонна схьакъастош ю и бежана. Ткъа оцу уьстаг1-бежанна экхано х1ума дина, я цамгаро дожийна, х1ара йисахь а олий, латта билгалдоккхуш хилла.

Кхин цхьа х1ума а ду кхузахь хьахо дезаш - зуда ялийначохь герз кхоссарх дерг. Дайша иза иштта осалчу даьккхина лелийна дацахь а, ваьш эвхьазадевлла вай цуьнца. Бакъдерг ала деза: иза эвхьаза тахана а, селхана а даьлла дац. Шемал караваханчул т1аьхьа, т1ом, латар долчу хенахь шайгахь герз гарна кхоьруш а лелла, паччахьан 1едал т1едеъча нахана шайгахь герз дуй хиъча, шайн цхьа х1ума хьаладолу моьттуш, цхьа жуккарийн тоба кхиъна. Тахана дукхах болчарна иза вайн оьздачу дайн 1едал хилла а моьтту!

Боккъал дерг аьлча, доссийначуьра нускал арадаьккхина аьлла хаам беш, топ-тапча яссош хилла – замой новкъабевлла хиларан билгало хилла иза.

Шолг1а герз - кирхьа кхача дезачу д1акхаьчна хилар нускална хоуьйтуш дассош хилла.

Кхозлаг1а герз кхоссаран маь1на-м тахана наггахь волчу воккхачунна бен а ца хаьа - г1опехь дуьхаьл яьллачу марнанас несца кхерчана дола дар къуйсуш даьккхина дов, и шиъ берта а яхана, нус кевнна чоьхьа яьллий юьртана а хоуьйтуш кхуссуш хилла.

Патармин мах – адаман дахар лоруш волчу нохчийчо, вала а волуш, баттара шаьлта йоккхуш ца хиллийла а, цхьа 1алашо, цхьа маь1на доцуш герз ца дассийнийла а хаа-м дезара « белшашна т1ехь шелохойн г1абакхан буьртиг боцчунна».

Замой некъ лацар ца хьахийча нийса хир дац. Тахана хаа деза иза мичахь лоцу. Цу т1ехь вовшашна халахетарш дар, цатемаш бар хуьлу. Нус араяьккхинчул т1аьхьа некъ лаца йиш ю зударийн а, берийн а г1опехь. Цул т1аьхьа некъ лаца йиш яц цхьанна а, некъ лаьцначо (воккха, я жима хуьлда иза) ша вовзуьйту охьахиъна хуьлу верасех воккхах верг. (йоь1ан верасех хилар, и х1унда дина бахьана а дуьйцу) - нуц вог1учу хенахь ша ц1ахь хирг цахилар. Ша ду замой новкъахь севцча,- хелхаран бал боккхуш, садо1уш, - т1екхаьчначу некъахочуьнца дерг. Цо пондар-эшар лекхна, я кхин цхьа самукъадолу х1ума дахь, цунна совг1ат дог1у.

Кхин цхьаъ ду т1аьххьарчу кепехь гучудаьлла: замошна хьалха воккхачу стага 1аса йиллар а, йоккхачу стага йовлакх тасар а. Иза совг1атана деш дац, я совг1ате сатуьйсуш а дац. Цуьнан маь1на кхин ду: шен къинхьегамах, хьацарх ваха г1ора доцуш, г1о дан, г1о лаца т1аьхье йоцуш висинчу стага, зудчо керла кхоллалуш болчу доьзале ша т1елаца бохург ду. Иза т1елоцуш а хилла, валлалц дел-ненал хьомсара хеташ лелош а, велча д1аверзош а хилла. Т1ехваьлла д1аваха йиш йоцург а, ца дича ца дериг а хилла иза.

НОХЧИЙН Г1ИЛЛАКХ - "ТЕЗЕТ"

Ислам динехь мел долчу къамнийн тезет цхьана кепехь д1ахьош а, лело дезара аьлла хетало, амма дахаро гайтарехь, иза иштта дац. Масала, вайн луларчу г1умкийн, кхидолу къаьмнаш ца хьехийча а, генара т1евеънарг цец а воккхуш, тезетана т1евог1ург (вуьйцург боьрша стаг ву), иза вайна мел тамашийна хетахь а, белхаран кепарца т1еван везаш ву.

Нохчийн тезетан шен кеп а, куц а ду. Кхузахь гуллуш болу нах шина декъе бекъало: кхелхинчун верасаш, тезетан дайшца бала бекъа, вон т1ех1оьттинчарна г1ортор хила баьхкина болу юьртара, гонахара нах. Т1ебаьхкинчарех уггаре а воккхачунна я 1елам-стагана аьрру аг1ор Цунна т1ера д1а охьахевшина хуьлу верасех баккхийнаш, кегийнаш ирахь лаьтта. Тезетан сурт х1отто г1оьртича, «П» элпах тера хуьлу цуьнан, «П»-н аьтту «белшана» т1екхаччалц т1ебаьхкина нах бу. Цу т1ера верасийн мог1а болало. Цундела тезета вог1ург т1ебаьхкинчарех а, верасех а баккхийчарна т1екхача 5-6 г1улч йиссалц, аьтту аг1о лоцуш, т1евоьду тезетана. До1а дина ваьлча, д1анисло т1ебаьхкинчарна юккъехь.

До1анна кхузза куьйгаш лаццалц тезетахь саца веза. Цул т1аьхьа тезетана дайша шена пурба делча, верасийн мог1анца, х1оранга шег-шега вистхуьлуш, кадам беш, араволу. Тидам бича, гучудер ду, юккъехула д1а ца г1ерташ, аьтту белш хьалха а йоккхуш, гуо боккхуш, иза араволуш хилар. Т1евар, сацар, д1авахар ду шен-шен хила йог1учу кепаца нисдина. Нах сиха болчу хенахь тезета х1уттуш ца хилла вайн. Малхбуза ламаз динчул т1аьхьа а тезета воьдуш ца хилла. (Шемалан заманахь вен кхиэл йина стаг цул т1аьхьа вуьйш а ца хилла). Тезетана т1е йог1ург йоккха тоба елахь, дагардан ринже лаьллина жа санна, т1ег1ертар а ца лерина хаза. Вайн дай 1едалшца, велларг кешнашка хьош берш, я тезета бог1урш мог1ане ялх-ялх х1уттуш хилла. Вовшех ца уьйш тоба цхьаьна арайолуш елахь, х1инцца баьхкинчара шайн кеп йоха ца еш,арабовлу. Кхин нах цаьрца арабовла дагахь хилча, царах ца хьерчаш, жима соцунг1а а хуьлий, царна т1аьхьах1уьтту. Вайн дайшкара схьаеъна, тезетан кепо гойту – муха, мичхьа т1евахна саца веза, хьаьнга вистхила дог1у, араволуш муха вала веза… нагахь санна, тезетан кеп йоьхна-яьржина яцахь, т1евоьдучунна ша лелон дезарг а хаахь.

ЭЗАР ДОТТАГ1 ВЕРГ ВАЬЛЛА, ЭЗАР СТУ-ЕТТ БЕРГ ВАЙНА

Вайнехан стеган дахарехь доккхачу маь1не ду доттаг1алла. Деца, ненаца-м х1унда дуьйцура, шен йиша-вешица а эвхьаза хуьлуш дац вайн. Цундела ч1ога оьшу хьайх кхеташ, тешаме доттаг1 хилар. Бевзарш накъостий дукха хиларх, уллера доттаг1ий дукха ца хуьлу.

Ц1еххьанчу бохамо базбина корта т1етовжо юххехь дика накъост, доттаг1 оьшу. Хьаьнг - хьаьнга дийцина, нахала даккха йиш йоцуш х1ума а ма хуьлу. Иштта йолу хьайн деган къайле йийцина дог даста тешаме доттаг1 оьшу. Хьайн дика, хазахетар декъа а оьшу доттаг1. Лаа олуш ма дац: «Доттаг1алло воккхавер шозза совдоккху, сингаттам шозза эшабо». Кхузахь дагайог1у А. Сулейманов доттаг1аллех байташ:

Сан дахаран стигла кхолош,

Кхана х1оттахь йочана,

Хаьйн г1уллакхаш юкъахдитий,

Суна орцах кхачалахь

Букар бердах ирхо йоккхуш,

Хьо к1елвисахь, х1оьттина

Т1етовжа сан белш ю хьуна,

Хьан вешина меттана.

Доттаг1аллехь уггаре а коьртаниг тешам бу. « Г1алат гечде, ямартло ма гечъе. Хьуо даима тешаме а хила доттаг1чунна. Накъост кхерамехь а витий, к1елхьара а ма валалахь цкъа а, дийна воллушехь вела ву хьо хьайн сица», - яздо М. Сулаевс. Башха кицанаш кхоьллина халкъо доттаг1аллех:

« Доттаг1 шираниг тоьлу, бедар - керланиг»;

« Доттаг1чун хьаг1 хала ю, мостаг1чун ямартлонал»;

« Сакхт доцуш доттаг1 лехнарг и воцуш вуьсур ву»;

« Доттаг1чунна цу а хьовла хетта»;

« Доттаг1 д1атеснарг ша-шен мостаг1 ву»;

« Зийна воцу доттаг1 - кагдаза б1ар»;

Доттаг1алло къаьмнаш ца къестадо. Нохчийн к1ентийн кхечу къаьмнийн к1енташца хиллачу тешамечу доттаг1аллех лаьцна дукха халкъан иллеш ду. Масла, Г1ебартойн Курсолтица доттаг1алла леладо нохчийн к1анта, Эвтархойн Ахьмад резахуьлу г1алаг1азкхийчуьнца гергарло лело:

«Даггара тешаме доттаг1ий хила вайша?

- Майралла ва гайта меттигаш нислур ю.

- Собаре хилахьа, Эвтархойн Ахьмад,

- олуш, лен ва ваьлча и г1алаг1азкхи.

Ша реза ма хили Эвтархойн Ахьмад».

Бакъболу доттаг1ий (шира дийцар).

Дехаш хилла наний, к1анттий. И к1ант т1ехь луралла долуш хилла. Цхьана буьйсанна, лечкъина шен нана муха ю хьажа веанчу кхунна хабар деана; сихонца ц1ера вала, хьуна ч1ир екха бог1уш нах бу аьлла. Сихонца д1аваха дагахь х1ара воллуш, кхин хабар кхаьчна: хьан езаш йолу йо1 кхечанхьа д1алуш ю, д1айига вола боху аьлла. Деллахь, х1инца ша х1ун дийр дара-техьа, аьлла х1ар воллуш, кхуьнга кхечо, - тховса хьан ца тору доттаг1ий бу бог1уш, шаьш т1еэца аьлла,- хабар схьатоьхна.

Х1ара иштта шадерг цхьаьний т1е г1оьртина, воьхна 1аш волуш, нанна тосабелла кхунан сингаттам. Цунах ца лачкъийна к1анта х1умма а, - Деллахь, нана, иштта хабар хезна суна, ас х1ун де аьлла? – хаьттина.

Нанас аьлла:

- Ч1ир екха бог1учу наха, Дела 1ожалла хилла яьллехь, шайн ч1ир оьцур ю хьуна. Хьан езаш йолу йо1 хьо шена везахь, соцур ю хьуна. Доттаг1ий т1еэца ахь, уьш карор бу хьуна. Резахилла к1ант, дотттаг1ий т1еэцна цо. Х1орш сакъоьруш 1аш болуш, к1ант сингаттаме хилар тоса а делла, хаьттина цара: «Шаьш дахкар ца тов те хьуна, я кхин сингаттам бу-техьа хьан дагчохь?» - аьлла. К1анта дийцина т1аккха. Шен нана муха 1аш ю хьажа веанера ша, хабар деара суна сихонца ц1ера вала аьлла, д1аваха кечлуш ша воллуш, кхин хабар деара шена, еза йо1 д1алуш ю, д1айига вола аьлла. Т1аккха х1ун дер ца хууш ша воллуш, кхечо шун кост схьатуьйхира сох. Цуьнан ойла еш 1ара ша аьлла, дийцина к1анта.

-Шайна моттара, хьан дагахь берг кхин сингаттам бу. Хьо вен вог1уш хилла хьан мостаг1 вийна, хьуна езаш йолу йо1 дехьа кертахь йоссийна, хьо волчу даьхкина к1ентий ду-кха тхо. Тхо муха к1ентий хета хьуна? - аьлла.

Т1аккха кхетта к1ант ша динарг нийса хиларх. Нанас аьлларг дича, ша юьхьк1айча х1уттург хиларх а кхетта иза. Сулейманов Ахьмадан байташ ялайо оха:

Доттаг1аллаш ма хедаде,

Уьшша-м вайна оьшуш дай.

Шад ца хуьлуш, хотталац-кха

Хадахь, доттаг1аллин тай.

Тешаме доттаг1а ч1аг1онан б1ов ю баьхна вайнаха. Цунах лаьцна ду халкъан дийцар а. Ша леш шен цхьаъ бен воцчу к1анте весет до дас, х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1алахь, олий. Иза кхелхинчул т1аьхьа ойлане хуьлу к1ант, шен ден весетан маь1нех ца кхеташ. Оцу к1ентан х1усамнанас кхетийна иза: х1ора шахьарахь цхьацца г1ала йог1а бохург, хьоьга цхьацца доттаг1а лаца бохург ма ду аьлла.

ЧУЛАЦАМ

Шун ………………………………...2

Хъаша вар, иза т1еэцар ……………...11

Куьг кховдар – лацар .…………….....18

Салам – Маршалла хаттар …………...22

Зуда ялор, ерзор..……………………30

Нохчи г1иллакх – «тезет».…………...37

Эзар доттаг1 верг ваьлла, …….............

эзар сту – етт берг вайна……...............40

Кечйинарш:

Гулйинарг – Даудова Р.

Редактор – Демильханова Б.,

Компьютер т1ехь зорбатохнарг – Алероева З.

Соьлжа – г1ала

2010 шо.

http://chechfolk.ru/article/nohchiin_g1illakhash_11567.html 


Количество просмотров: Счетчик посещений Counter.CO.KZ - бесплатный счетчик на любой вкус!


Вернуться в раздел Статьи

Слушать online
НТРК "Ингушетия"
Радио "Путь" им.А-Х. Кадырова:
Местное время
Общение на сайте
Online
Поиск по сайту
ОО ЧИЭКО "Вайнах" выражает благодарность администрации сайта www.e-chechnya.ru за предоставленную программу....
Открыть раздел Переводчик online
Председатель областного чечено-ингушского этнокультурного объединения «Вайнах», член областной Ассамблеи народа Казахстана- Увайс ХаважИевич Джанаев...
Открыть раздел Контакты
Жди меняВ этой рубрике вы можете разместить заявку о человеке которого вы ищете в городах Алматы, Астана, Актау, Атырау, Караганда, Кокчетав, Павлодар, Экибастуз или просто в общую рубрику....
Открыть раздел Жди меня
КазахстанРеспублика Казахстан является унитарным государством с президентской формой правления, утверждающее себя светским, демократическим, правовым и социальным государством, высшими...
Открыть раздел Казахстан
ДепортацияРаздел приурочен к 31 Мая, Дню памяти жертв политических репрессий сыновей и дочерей вайнахского народа, судьба которых так или иначе связала с Казахстаном....
Открыть раздел Депортация
Час творчестваВы пробуете писать... Вам есть что рассказать... Вы хотите поделиться своими мыслями... Пишите и присылайте на наш адрес. Материалы, прошедшие модерацию, будут опубликованы на сайте....

Открыть раздел Час творчества
Оставьте запись в нашей гостевой книге - мы будем искренне рады!...

Открыть раздел Гостевая книга
ОО ЧИЭКО "Вайнах" выражает благодарность администрации сайта www.e-chechnya.ru за предоставленную программу....
Открыть раздел Переводчик online