О насМухаммад (с.а.в.)Мекка onlineГрозный onlineЛунный календарьСМИ о насКонтакты
Журнал для женщин

Статьи

 
Ламаз дитаран къамел хьукма а

Хастам бу АллахIана, берриге а хастам къасттийна вай Шена бечу. Гечдар а, гIодар а доьху вай Цуьнга. Вайн синоша дага туьйсучу вонех а, вешан къилахь долчу гIуллакхех а Iалашдар доьху вай Цуьнга.

АллахIа цхьаъ нийсачу новкъа ваьккхинехь - иза тиларан новкъа ваккха цхьа а вац. Амма Цо цхьаъ тиларан новкъа ваьккхинехь - иза нийсачу новкъа ваккха а вац цхьа а.

Тоьшалла до аса: кхин дела цахиларца, АллахI воцург, ша цхьаъ волу, шеца цхьа а накъост а воцуш.

Юха а тоьшалла до аса: Мухьаммад Цуьнан лай а, элча а хиларца.

«ХIай Делах тешнарш! АллахIах кхера, кхера ма-деззара, бусалба долуш бен лан а ма ле» («Ал-Iимран»: 102).

«ХIай нах! Шайн Делах кхера, цхьана адамах шаьш кхоьллинчу, цуьнах цунна зуда кхоьллинчу а, оцу шиннах дуккха а зударий а, стегарий а кхоьллинчу (уьш баржийначу). АллахIах кхера, Цуьнан цIарца аша вовшашка хIума доьхуш волчу, гергарлонаш (хедорах) а кхера. Баккъалла а, АллахI шун терго еш ву» («Зударий»: 1).

«ХIай Делах тешнарш! АллахIах кхера, бакъ дош а ала. ТIаккха Цо шун гIуллакхаш тодийр ду, шун къиношна гечдийр ду. АллахIана а, Цуьнан элчанна а муьтIахь верг доккхачу ирсе кхаьчна ву» («ал-Ахьзаб»: 70,71).

Уггаре дика къамел - АллахIан къамел ду. Уггаре бакъ нийсо - Мухьаммад пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) еана нийсо ю.

Уггаре вон гIуллакхаш - керла юкъадаьхнарш ду. ХIора керла юкъадаьккхина хIума - бидаIат ду, хIора бидаIат - тилар ду, ткъа хIора тиларан меттиг - жоьжахатехь хир ю.

ХIай хьоме вежарий! КъурIанехь дийцина ду, тIаьхьа цхьа нах хир бу аьлла: ламазаш лар ца деш а, ламазашна ледарлонаш еш а, дегIан лаамаш кхочуш барна тIаьхьа хIиттина лелаш а. Ткъа уьш ГIай цIе йолчу боьранна чу кхуьссур болуш бу. И хьахийна ду Сийлахь-Лекха волчу АллахIан дашехь, «Марьям» суратехь, 59-чу аятехь:

«ТIаьхьа цхьа нах хир бу, ламазана ледарлонаш еш, дегIан лаамаш кхочуш барна тIаьхьа хIиттина, ГIай цIе йолчу боьранна чу кхуьссур бу уьш» («Марьям»: 59).

Дикка терго а еш, ладогIа, хIунда аьлча дийца дезарг деха а, коьрта а ду.

Имам ибн Iаббаса (АллахI реза хуьлда цунна) оцу аятан хьокъехь (тафсир деш) аьлла:

- «ТIаьхьа цхьа нах хир бу, ламазана ледарлонаш еш» бохучу Делан дешан маьIна дац шуна, ламазаш дитина хир бу уьш бохург. Амма

- «царна ледарлонаш еш» хир бу бохучуьнан маьIна: шайн хенал а ламазаш тIаьхьатоьттуш хир бу бохург ду».

Ткъа бекхам хIун хир бу царна, Iазап муха хир ду церан? Иза-м ламаз деш ву шуна, делахь а, шен хенал а тIаьхьа тоьтту-кха цо и. ХIун хир бу цуьнан бекхам?

Цунан бекхам ГIай цIе йолчу боьранна чу кхоссар бу-кха. И ГIай - жоьжахати чуьра боьра бу, шен кIоргалла чIогIа кIорга йолуш а, шен чам Iаламат вон болуш а, жоьжахатехь богучу нехан соьланаш а, церан Iовраш а шена чу оьхуш а болу.

Цу-тIе, берриге жоьжагIатин боьранаш, оцу боьранах шаьш лардар Деле доьхуш, доIанаш деш ма бу, цуьнан йовхалла чIогIа хиларна цуьнах кхоьруш.

Оцу ГIай цIе йолчу боьранна чу кхуьйсур бу уьш.

ХIара-м, ламаз дан а деш, делахь а, шен хеннахь ца деш волчунна хир долу таIзар а, хир болу бекхам а бу.

СаIид бин Мусаййиба (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

- «ТIаьхьа цхьа нах хир бу, ламазашна ледарло еш» бохучу аятан хьокъехь: «ламазашна ледарло еш» бохучуьнан маьIна дац, дан ца деш, дитина хир бу уьш бохург. Цуьнан маьIна: делкъа ламаз тIаьхьатоьттуш хир бу малхбуза ламазан хан хиллалц, малхбуза ламаз тIаьхьатоьттуш хир бу маьркIижа ламазан хан хиллалц, маьркIижа ламаз тIаьхьатоьттуш хир бу пхьуьйра ламазан хан хиллалц, пхьуьйра ламаз тIаьхьатоьттуш хир бу Iуьйра ламазан хан хиллалц, Iуьйра ламаз тIаьхьатоьттуш хир бу малх схьакхетталц. Ткъа царна хир болу бекхам бу и, Сийлахь-Везачу АлллахIа оцу аятехь кхайкхийнарг: - «ГIай олучу боьранна чу кхуьссур бу уьш», аьлла.

СаIид бин Ваккъаса (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:

«АллахIан элчане (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) хаьттинера, Сийлахь-Везчу АллахIан хIокху дешнийн чулацамах дерг: – «Ламазаш дечарна (жоьжахатара) боьра хир бу, шайн ламазашца тIаламе боцучарна». ТIаккха АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жоп делла цунна: – «СаIид! Уьш дера бу… шай ламазашна тIалам боцурш а, шайн ламазаш церан хенал тIаьхьатоьттуш берш а».

«Боьра бу царна, боьра» бохург: хIаллак хир болуш хилар дIахаийтар а, ирча Iазап лург хилар дIакхайкхор а, таIзарца ваIда яр а ду - дан дезачу хенал ламазаш тIаьхьатиттиначарна а, ламазаш тилийтиначарна а.

«ХIай Делах тешнарш! Шайн даьхнешна а, шайн берашна а тIедерзий, АллахI хьехор диц ма дойла аша, и динарш дакъаза бевлла ма бу» («Мунафикъун»: 9).

Дукхах болчу тафсир диначара аьлла: хIокху аятехь дуьйцуш долу Дела хьехор - иза хIора дийнахь деш долу пхи ламаз ду, тIаккха цуьнан маьIна хуьлу:

«ХIай Делах тешнарш! Шайн даьхнешна а, шайн берашна а тIедерзий, пхи ламаз диц ма дойла аша, и диц дина верг», вуьшта аьлча: «даьхний лехаро шен хеннахь ламаз дарна вицвинарг, йохка-эцаро шен хеннахь ламаз дарна вицвинарг, бераша шен хеннахь ламаз дарна вицвинарг, АллахIа хьукма дина (сацам бина): иза дуьненахь а, эхартахь а дакъаза бевллачарех хир ву аьлла».

И бу-кха, ламаз деш боллушехь, царна хин болу бекхам, цара и шен хенал тIаьхьа дуьссуьйтуш а, хенах туьлуьйтуш а дарна.

ТIаккха муха хир ду аьлла хета шуна ламаз дан а ца дечуьнан хьал? Ламаз тесна дитиначуьнан Iазап? Цуьнан бекхам хIун хир болуш хета шуна? Цуьнан воьрзу меттиг муха хир йолуш хета шуна?

Тидам дика тIебахийтий, ладогIалаш. ХIокху вайн цхьаьнакхетарехь дахка дезза- деззаче тIадамаш дохкур ду вай. ХIунда аьлча, дукха бусалба нах ламаз дарна къадонаш ян бевлла тахана.

Цхьацца Iелимнах цхьаьна бу ламазана ледарлонаш еш, аса аьлча, гIалат хир дацара сан и. Дукха бусалба нахана моттаделла, и Iелимнах шайна гича, и хьехамаш бен нах шайна гича, и даIават ден нах шайна гича, ламазан балхана кIадонаш а, ледарлонаш а еш, и дитар башха доккха къа а дац-кха аьлла.

Дика ладогIалаш! Тахана хезар ду шуна коьрта хIума, тIаккха и кхераме дуйла а хуур ду шуна, доккха хIума хилар а доьвзур ду шуна.

ХIай ламаз дитина лелларг, ламаз дIа а тесна лелларг! Билггал дIахаийла хьуна: АллахIана гергахь хьо хьайна неIалт хилла вуйла, АллахIана гергахь хьайна неIалт дахана вуйла.

ВаллахIи, АллахIа чохь са доцу хIуманаш йист хилийтича, дерриге а хьайбанаш дист хилийтича, акхарой йист хилийтича, АллахIа уьш а, вуьш а йоцу массо хIума а йист хилийтича, цара массара а неIалт эра ма дара ламаз цадечунна.

ВаллахIи, ламаз цадечо шена дегI хьулдеш тIедухучу духаро неIалт ма олу цунна. Цо тIедухучу духаро олучух тера ма ду цуьнга, вай кхетачу маттахь аьлча:

«ХIай ламаз ца деш леларг! Сан Дала со хьуна муьтIахь дина дацахьара, хьан дегIа тIера додур ма дара со».

ВаллахIи, цо хене вала кхоллучу АллахIан рицкъано неIалт ма олу цунна. АллахIан ниIматах долу, АллахIан къинхетамах долу, ламаз ца дечо кхаллархьамма шен бага хьалаайдича, АллахIан рицкъано ма олу цуьнга, вай кхетачу маттахь аьлча:

«ХIай АллахIан мостагI! АллахIан рицкъа-м дуу ахьа, амма Оцу АллахIан парзаш лар-м ца до ахьа, церан ларам-м ца бо ахьа. АллахIан рицкъа-м дуу ахьа, Цуьнан парзаш лар ца дан эхь-м ца хета хьуна».

ВаллахIи, ламаз цадийриг чохь Iачу цIеноша неIалт ма кхайкхадо цунна. Цунна тхов хилла лаьттачу хIусамо а неIалт ма олу ламаз цадечунна. ДогIанах а, шелонах а, маьлхах а, лонах а и лар вечу цIеноша неIалт ма олу цунна. Вай кхетачу маттахь аьлча, и хIора Iуьйранна шен балха ваха, рицкъа лаха хIусамера ара мосазза вели а, дитина АллахIан парза ламазаш а долуш, цуьнан цIийно олу-кха цуьнга:

«ХIай АллахIан мостагI! Ара валахьа чехкка суна чуьра. АллахIа новкъахь накъост воцуш вуьтийла хьо. Хьо дIаваханчу ларраш тIехула АллахIа вуха ма верза войла хьо. Хьайн хIусаме а, доьзале а вухаван пурба ма лойла хьуна АллахIа, хьо могуш а, маьрша а волуш».

Ламаз цадийриг Делан неIалт дахана ву! Ламаз цадийриг Делан неIалт дахана ву! Ламаз цадийриг Делан неIалт дахана ву!

ХIай, стигланийн а, лаьттанийн а Дела волчу АллахIан парз дитина, тилвизар чохь гойтучу къийсамашка хьоьжуш, эрна хан йойъуш берш!

ХIай, тилвизар чохь гойтучу акхарошка хьоьжуш, эрна хан йойъуш берш!

ХIай, дукха сереш йолчу киношка хьоьжуш, ламазан хенаш туьлуьйтуш берш!

ХIай, йохка-эцарах самукъа даьллачохь, ламазан хенаш тIех юьйлуьйтуш берш!

Кхана базаран де ду аьлча, хьалххе ца лацахь, мах бан меттиг хир яц олий, са а тасале базарахь меттиг лаца боьлхуш берш!

ХIай хьайн маттехула «лаилахIа иллаллахIу» аьлла верг! Ламазанна хьайга кхайкхича-м, «АллахIу Акбар» олуш хьайна хезча-м, «хьаййа Iалас-солат» олуш хьайна хезча-м, ламазе ваха саготта-м вац хьо, базарна волчул а.

И хезча-м хьо тидам боцуш, тIалам боцуш ма вай! Хьо-м ламазана саготта ма ваций! Ислам дин деккъа къамел долуш санна! Ислам дин пуьчаш а, АллахIана тIехь кхоьллина харцо а йолуш санна!

Дикка ладогIалаш! Iелимнехан хилла барт бу шуна: ламаз дитар уггаре даккхийрачу къиношна юккъехь доккха къа ду аьлла, къайлах мел дерг хуучу АллахIана гергахь уггаре а яккхийрачу Iесаллех ду аьлла.

Ламаз дитиначуьнгара долуш долу АллахIана Iеса хилар доккха къа ма ду - къаьркъа маларал а, стаг верал а, зина дарал а.

Ламаз дитина верг АллахIана гергахь вон лоруш ма ву – стаг вийначул а, ирча лоруш ма ву - зина диначул а, боьха лоруш ма ву - къаьркъа меллачул а.

ХIай ламаз цадийриг! ХIай ламаз дитина верг! ХIай АллахIан парз дIатесна верг! Башхалла яц, хьо стаг велахь а, зуда елахь а, хьо АллахIана гергахь вон хилар хаийла хьуна - зина диначул а, къаьркъа меллачул а, стаг вийначул а.

ХIай ламаз цадийриг! Дуккха а Iелимнаха фатва делла хьуна, дукхах болчу Iелимнаха жоп делла хьуна, церан коьртехь элчанан асхьабаш а (АллахI реза хуьлда царна) болуш, дуккха а Салафийн Iелимнах а болуш.

И фатва деллачарех бу хьуна Суфьян ас-Соври а, Абу Iумар ал-АвдаIи а, Iабдулла бин Мубарик а, Имам Малик а, Имам ШафиIи а, Имам Ахьмад бин Хьанбал а, Имам ибн Тайми а, Имам ибн Ал-Къаййим а, Имам ибн Рашд а, имам ибн Хьазм а, уьш боцурш а кхин а дуккха а бу.

Цара фатва делла хьуна: ламаз цадечуьнга тоба дойтур ду, цо тоба дахь - АллахIа цуьнан тоба къобал дийр ду, цо тоба ца дахь - вортанчу тур тоьхна, вуьйр ву иза аьлла.

Дукхах болчу асхьабаша а фатва делла хьуна, церан коьртехь Iумар бин Хаттаб а, Абу ХIурайрат а, Абу Дардаъ а, Абу Бакар а, Iабдур-Рохьман бин Iовф а, МуIаз бин Жабал а, уьш боцурш кхин дуккха а пайхамаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) асхьабаш а болуш.

Цул а сов, Имам ибн Хьазама аьлла хьуна:

«Оцу элчанан асхьабаша деллачу фатвана дуьхьал дерг аьлла цхьа а вац».

ХIай ламаз цадийриг! Цара массара фатва делла-кха: ламаз цадийриг керста ву аьлла. Ламаз инкарлонца а, и парз хиларна хьагI йина а, сан дог цIена хилчахьанна, ламаз цадарх тоьар дара суна-м аларца а дитахь.

Ламазанна хьагI йина верг а, ламаз парз дина хиларна инкарло йина верг а кафир ву, кафир ву, кафир ву!

Имам Ибн ал-Къаййимас аьлла:

«Ламаз цадийриг керста хилар гойту баххаш (аяташ а, хьадисаш а) дуккха а ду сий долчу КъурIан чохь а, цIена долчу Суннатехь а, асхьабийн бартехь (иджмаI) а».

Дикка ладогIалаш! Ламаз цадийриг керста хиларан баххашка, сий долчу КъурIан чуьра схьадалош долчу.

Имам Ибн ал-Къаййима (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) КъурIанера итт бух багарбина, ламаз цадийриг керста хилар гойтуш болу. Царех биъ бух схьабалор бу вай, хан кIеззиг хиларна.

Хьалхара бух - сий долчу КъурIан чуьра, ламаз цадийриг керста хилар гойтуш долу, «Къалам» цIе йолчу сурат чуьра 35-36-гIий аяташ ду.

ЛадогIалаш дика! Шен къамелехь Ша бакъ волчо боху:

«Бусалбанаш къинош динчарех (керстанах) терра лорур бу-м ца моьтту шуна Оха. И сацам муха бо аша?».

Лекха-Сийлахь волчу АллахIан дашна тIе кхаччалц:

«(АллахIан) гола гучу йолучу дийнахь сужуд даре кхойкхур бу уьш, амма цаьрга далур дац и. Церан бIаьргаш (кхоьлина) охьабахийтина хир бу, сийсазалло дIахьулбина хир бу уьш. Сужуд даре ма кхайкхинера цаьрга, уьш маьрша болчу хенахь» («Къалам»: 42).

Дала дуьненахь сужуд даре кхайкхинера цаьрга, уьш могаш а, маьрша а болуш. Дуьненахь АллахIана сужуд де аьлла омра ма динера цаьрга, уьш могаш а, маьрша а болуш, амма цара ца дира и. АллахIана оцу хенахь сужуд ца дира цара.

Дика ладогIалаш! Оцу аятера ламаз цадийриг керста хиларан тоьшалла муха даьккхина ду аьлла а, Имам ибн ал-Къаййиман (АллахIа къинхетам бойла цуьнах) къамеле а:

«АллахIа (субхьанахIу ва таIала) шен хьукмица а, хьикматца а, нийсонца а аьлла: «Бусалбанаш къинош диначарех (керстанах) терра лорур бац». Керста нехан хьал къематан дийнахь муха хир ду аьлча: бусалбанаш АллахIана сужуде охьагIур бу; мушрикаш а, керстанаш а, мунепикъаш а дIахIуьттур бу Лекха-Сийлахь волчу АллахIана сужуд дан, амма сужуд ца далуш, бахьанаш хIуьттур ду царна. Сужуд далур дац цаьрга, церан баккъаш нисса хьала нисделлачохь севцна хир ду, сатта а ца сетташ».

Мунепикъ вогIур ву АллахIана сужуд дан, амма далур дац цуьнга сужуд. Ницкъ кхочур бац цуьнан и сужуд дан, хIунда аьлча болх цуьнан карахь бац. Мунепикъийн баккъаш, дакъийна хьокхий санна, дIахIуьттур ду оцу дийнахь, сужуд а, я рукуI а ца далуш».

Имам ибн Ал-Къаййимас боху:

«Уьш бусалба хиллехьара, бусалба нахаца цхьаьна суждане бахалур ма бара уьш. Iаламан Далла бусалбанаша дуьненахь сужуд дечу хенахь, уьш могаш а, маьрша а болуш, иштта цаьрга а кхайкхинера сужуд даре, цара (оцу керстанаша а, мушрикаша а, мунепикъаша а) дуьненахь ца дира и. ТIаккха АллахIа къематан дийнахь гIорасиз бина уьш сужуд дарах, баккъаш а ца сетташ».

Цо гойту ламаз цадечеран хьал, мушрик нехан а, керста нехан а хьал санна, хирг хилар. Цо гойту ламаз ца дийриг оцу мушрикашций а, керстанашций а хир болуш хилар. И ву шуна ламазана ледарлонаш а, кIадонаш а йинарг.

ШолгIа бух - сий долчу КъурIан чуьра АллахIан дош ду, «Муддассир» сурат чохь, 38-48-чуй аяташкахь долу:

«ХIора стаг ша диначунна закъалтхо хир ву. Аьтту агIонан адамаш доцурш. Ялсаманин бошмашкахь вовшашка хоьттур ду цара къинош долучарех (зуламхойх): «Шу жоьжахати чу доьхкинарг хIун ду?» (бохуш). Цара эра ду: «Ламаз дечеран могIарехь дацара тхо. Мискачарна хIума ца яийна оха. Къамеле буьйлучаьрца къамеле дуьйлура тхо. ТIаьххьара догIу де харц дора оха. Тхайга тешна хилар (Iожалла) даллалц». ГIодечеран гIоно пайда бийр бац царна» («Муддассир»: 38-48).

И аят - ламаз цадийриг керста хиларан бух лерина. Муха лерина аьлча: оцу аятехь Воккха-Веза волчу АллахIа керстанаш нисса бусалбанашна дуьхьал хIиттийна бийцина, царна юккъехь ламаз цадийриш хьахийна.

Оцу КъурIанан аято гойту: ламаз цадийриш керстанашца цхьаьна жоьжахатарчу Сакъар олучу боьранехь хир болуш хилар. Цо гойту уьш бусалба цахилар.

КхоалгIа бух - сий долчу КъурIан чуьра АллахIан дош ду, «МаIун» цIе йолчу сурат чохь, 4-5-чуй аяташкахь долу:

«Боьра хир бу ламазаш дечарна, амма шайн ламазашна ледар болчу» («МаIун»: 4,5).

Имам ибн Ал-Къаййимас аьлла:

«Вайл цIе йолчу боьранца кхерам тасар, КъурIан чохь, керстанаш буьйцучу аяташкахь бен, царех хоьттина а бен далийна дац. Иштта мушрик нах буьйцучу айаташкахь бен, царех хоьттина долуш бен далийна дац».

Вайл цIе йолчу боьранца кхерам тасар керстанех а, мушрикех а хоьттина бен даллоне а далийна дац, ши меттиг йоцчохь. Дерриге КъурIан чохь ши меттиг ю Вайл цIе йолчу боьранца кхерам тесна.



Цхьаъ - «ал-МутIаффифина» цIе йолчу суратехь, хьалхарчу аятехь ю:

(Жоьжахатара) «Боьра хир бу (терза) эшош узучарна» («ал-МутIаффифина»: I).

ШолгIаниг - «ХIумазат» цIе йолчу суратехь, хьалхарчу аятехь ю:

(Жоьжахатара) «Боьра хир бу, хIора (нахана) луьйчунна а, (нахана) вас ечунна а» («ал-ХIумазат»: I).

КъурIан чуьра дукхах йолчу меттигашкахь Вайл цIе йолу боьра хьахор керста нахаца а, мушрик нахаца а хоьттина бен далийна дац.

АлллахIа оцу Вайл цIе йолчу боьранна чохь хир бу аьлла сацам бина ламазаш дечарна - шайн ламаз дуьтуш берш бац шуна уьш, и ламазаш церан хенал тIаьхьа а тоьттуш, царна ледарлонаш а еш, дийриш бу шуна уьш.

БоьалгIа бух - ламаз цадийриг керста хилар гойтуш болу, сий долчу КъурIан чуьра хIара аят ду:

«ТIаьхьа цхьа нах хир бу, ламазана ледарлонаш еш, дегIан лаамаш кхочуш барна тIаьхьа хIиттина, ГIай цIе йолчу боьранна чу кхуьссур бу уьш» («Марьям»: 59).

И ГIай олу боьра, хьалха вай ма-аллара, жоьжахати чуьра цхьа боьра бу, шен бух чIогIа кIорга болуш а, шен чам инзаре вон болуш а.

И аят ламаз цадийриг керста хиларан бух лерина, Имам ибн Ал-Къаййимас ма-аллара:

«И боьра пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бийцина бу, жоьжахатара уггаре кIорга бу аьлла. Ламаз цадеш верг, оцу кIоргачу боьранахь волу, бусулбанех велахьара, Далла Iеса хилла кхиболу бусалбанаш санна, лакхарчу жоьжахати чохь хир вара. ХIунда аьлча, жоьжахатин уггаре а бухара бух бусалбашна хир болуш бац, керстанашна а, мушрикашна а, мунепикъашна а хьажийна бу и».

Ламаз цадийриг керста хиларан баххаш схьадалор вай бух болчу Суннатера.

Ибн ал-Къаййимас шийтта бух балийна, Сахьихь долчу Суннатера, ламаз цадийриг керста хилар гойтуш болу. Царех биъ бух схьа а балийна, тоуьйтур ду вай.

Хьалхара бух - Имам Муслима далийна Жабир бин Iабдуллас дийцина долу хьадис ду, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Стагана а, керсталлина а юкъахь ламаз дитар ду».

ШолгIа бух - Язид бин Хьубайб ал-Асламис (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис ду. Цо аьлла:

«АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира суна: ((العهد الذي بيننا وبينهم الصلاة‘ فمن ترك الصلاة فقد كفر)). - «Уьш а, вай а вовшех къастош болу тIелацам (я чIагIо) ламаз ду, ткъа ламаз дитинчо керстаналла дина».

Оцу хьадисехь далийна долу «قد» - Iаьрбойн меттахь муьлхха а кхочуш хилла даьлла хIума гойтуш йолу дакъалг ю.

И хьадис дийцинарг Ахьмад ву шен «Муснад» цIе йолчу жайнахь, Абу-Давуд ву, ибн Мажат ву, Тирмизи ву.

Оцу хьадисан хьокъехь Тирмизис аьлла:

«И хьадис, шен «Иснад», Муслиман бехкамашца догIуш ду».

КхоалгIа бух - Iаббдулла бин Iумар бин Iасас (АллахI реза хуьлда цу шинна) дийцина хьадис ду. Цо аьлла:

«Цхьана дийнахь пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) дийцира»:

- «Ламаз лардиначунна оцу ламазах нур хир ду, тоьшалла а хир ду, къематан дийнахь хьалха валар а хир ду. Ткъа ламаз лар цадиначунна - нур хир дац, тоьшалла а хир дац, къематан дийнахь хьалха валар а хир дац. Къематан дийнахь махьшаре а валор ву иза, ПирIунаца а, ХIаманаца а, Къарунаца а, Убай бин Халфаца а».

Жоьжахатин уггаре бухахь йолчу, ГIай цIе йолчу боьранахь хир ву иза.

Ламаз цадийриг ПирIунаца а, Къарунаца а, ХIаманаца а, Убай бин Халфаца а хир ву, жоьжхатин уггаре а кIоргенехь болчу бухахь.

Имам ибн Къаййима дийцина Iилманан хазаллех Iаламат хаза а, ира а, хьекъале а хIума, оцу хьадисера схьаэцна долу. Цо аьлла:

«Ламаз цадийриг ламаз ца деш Iийр вац. Оцу хьадисехь дийцинчу диъ бахьанех цхьа бахьана хилчий бен, ламаз цадийриг ламаз ца деш Iийра вац: я даьхний бахьанехь, я шен паччахьалла бахьанехь, я дарж бахьанехь, я шен йохка-эцар бахьанехь».

Шен даьхний бахьанехь ламаз ца деш Iийнарг - махьшаре валор ву даьхнийн да лаьттинчу Къарунаца.

Шен паччахьалла я дарж бахьанехь ламаз ца деш Iийнарг - махьшаре валор ву ХIаманаца.

Шен йохка-эцар а, туьканаш а, базар а бахьанехь ламаз ца деш Iийнарг - Убай бин Халфаца жоьжхатин уггаре а кIоргачу бухахь цхьаьна тухур ву.

ХIай туьканашкахь мах лелориш! ХIай базарашкахь мехаш дийриш! ХIай шайга ламазе дуьйла аьлла мохь беттар хезаш дерш! ХIай, йохка-эцар ду Iибадат бохуш, ламазе ца доьлхуш Iийриш! Совдегаралла а, болх бар а ю Iамал бохуш, ламазана ледарлонаш йийриш!

Дикка ладогIа! Совдегаралло ламаз дарах дIахьийзийнарг, йохка-эцаро ламаз дарах вухавиттинарг Убай бин Халфаца цхьаьна кхетар ву. Мичахь кхетар ву иза цуьнца цхьаьна аьлча? Дера ву жоьжахатин уггаре а кIоргенехь.

БоьалгIа бух - МуIаз бин Жабала (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина хьадис ду, пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) олуш хезира шена аьлла:

- «Шен лаамехь цхьа ламаз дитинарг (цхьа ламаз ду шуна и дуьйцург, дерриге а ламазаш дитинарг вац шуна хIокху хьадисо вуьйцург) АллахIан Iуналлех (Цо ларварх а, дола дарх а) дIахаьдна ву» (вуьшта аьлча: АллахIаца цхьа а уьйр йолуш а, я Цо Iуналла дийр долуш а вац иза).

Вай дуьххьара далийна долу Iабдулла бин Iумар бин Iасан хьадис дийцинарг Имам Ахьмад ву, иштта ибн Хьиббана а дийцина и шен «Сахьихь» жайнахь.

МуIаз бин Жабалас дийцина, пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо хуьлда цунна) элира аьлла:

- «Шен лаамехь цхьа ламаз дитинарг АллахIан Iуьналлех дIахаьдда ву».

И хьадис дийцинарг Имам Ахьмад ву шен «Муснад» цIе йолчу жайнахь.

Уьш ду, Сахьихь долчу хьадисех далийна баххаш, бух боцуш долчу хьадисех а доцуш. Ламаз цадийриг керста хилар гойту баххаш ду уьш, нагахь цо и ламаз хьогIаца а, инкарлонца а дитахь.

Берриге асхьабийн барт а бу и.

Iумар бин Хаттаба (АллахI реза хуьлда цунна) берриге мехкашка а, шахьаршка а кехаташ дIасадохьуьйтуш хилла. Оцу кехаташ тIехь цаьрга олуш хилла цо:

«Шун уггаре коьрта хIума ламаз ду шуна. Ламаз дитинчо - дин дитина шуна, ламаз лардинчо - дин лардина шуна. Ламаз дитинчо - кхидерг кхин а атта дуьтур ду шуна. ламаз дитиначунна Ислам динехь диканан дакъа данне а дац шуна».

Цо и кехаташ яздича, оццул дукха болчу асхьабех (АллахI реза хуьда царна массарна а) цхьаммо а дуьхьал дерг ца аьлла. Цуьнах хаьа: церан массеран а ламаз дитиначуьнан хьокъехь цхьа кхетам хилла хилар.

Ткъа уьш ма бай элча гинарш а (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна), цуьнан хьужарехь дешнарш а, цунна хьалха Iаьмнарш а.

Ислам дино бечу а, кхайкхочу а кхайкхамашна жоп делла ма вац ламаз лардинаг бен.

Имам ЗахIабийс дийцина «Даккхийра къинош» цIе йолчу шен жайнахь, I7-чу агIонехь:

«Цхьа зуда еана хилла АллахIан пайхамарна Мусана тIе. (ХIай Дела цхьаъ вийриш, тидамца ладогIалаш) цо аьлла цуьнга: «ХIай АллахIан пайхмар, къа латийна аса, доккха гIалат дина аса. АллахIе тоба дина аса, цIенчу даггара дина тоба ду аса АллахIе динарг. ХIинца хьуна тIе а еана со, хьоьга сайна Деле гечдар дехийта». ТIаккха АллахIан пайхамара хаьттина цуьнга: «ХIун къа ду ахьа латийнарг?». Оцу зудчо жоп делла: «Зина дина аса, тIаккха цу зинах кхолделла долу бер а дийна аса». Дукха чIогIа кхеравеллачу Мусас аьлла цуьнга: «ХIай Iеса зуда, яла кху чуьра ара, стиглара цIе охьа а йоьссина, ахьа динарг бахьанехь тхо дерриге цу цIаро даголий». (Зина дара шуна цо динарг, шен бер а дара шуна цо дийнарг – зина динарг а, адам дийнарг а ю шуна иза), иза-м тIаккха сихха ара ма яьллий (АллахIе йирзинарг ю шуна иза, ша диначуна тоба дина, дохко яьлларг ю шуна иза, даггара тоба динарг а ю шуна иза, АллахIа шен тоба къобал динарг а ю шуна иза). ТIаккха стиглара Жабраил малек (IалайхIис-салам) доьссина (и зуда-м, дог доьхна, ара ма яьллий) АллахIан пайхамарна Мусана тIе, цо аьлла цуьнга: «Ша бакъ волчо боху хьоьга: «Тоба дина зуда юха стенна туьйхира ахьа, хIай Муса? Цул а вониг вуйла ца хаьа хьуна?»». ТIаккха Мусас аьлла: «Я СубхьаналлахI. Цул вониг ву техьа, оцу зина диначул а, адам дийначул а, хIай Жабраил?». ТIаккха аьлла Жабраила (IалайхIис-салам): «ХIаъ, ву». Мусас хаьттина: «Мила ву-те иза?». Жабраила аьлла: «Шен лаамехь ламаз дитинарг ву»».

Ламаз цадийриг вон ву зина дечул а, адам дийначул а, къаьркъа молучул а.

ХIокху сихаллехь, аьтто баьллачуьра, жамаIатехь ден ламаз дагадаийта лаьара вайна, кхайкха а лаьара вайна оцу шайн хIусамашкахь ламазашна охьатаьIачаьрга:

«Маьждигаш хIунда доьгIна вай, ламазаш цIахь деш хилча? Маьждигаш стенна дина вай, хIай шайн хIусмашкахь ламазаш деш берш?».

ХIай и шайн ламаз шайн цIахь дарна тIехь сутара берш! Хаийла шуна шаьш боккхачу кхерамна тIехь хилар.

ХIай, ламазаш шайн хIусамашкахь а деш, АллахIан хIусамаш йолу маьждигаш дIатийсина берш! Шаьш боккхачу кхерамна хьалха лаьтташ хилар хаийла шуна.

Ламазаш шен цIахь а деш, маьждигехь ца деш велларг, Сийлахь а, Веза а волчу АллахIана Iеса волуш веллий хаийла шуна. ХIунда?

Iелимнахах цхьаболчара аьлла:

«Ламаз маьждигехь дар парз ду».

Вукха Iелимнаха аьлла:

«Ламаз маьждигехь дар важиб ду».

Кхиболчу Iелимнаха аьлла:

«Ламаз маьждигехь жамаIатехь дар чIагIдина суннат ду».

Вай и чIагIдина суннат хилар лерича, чIагIдина суннат дитинарг къа дина ма вай. Къа латийна ма вай иза. АллахIан Iеса хилла ма вай иза.

Кхечу цхьанне хIумане ла ца доьгIча а, цхьа хьадис тоа декхар дар-кха вайна, Имам Муслима дийцина долу, Абу ХIурайратас дийцира аьлла:

«Пайхамарна (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлдда цунна) тIевеъна цхьа бIаьрзе стаг, и билгал воккхуш (Iелимнаха) аьллачу дешнех тоьлларг, иза Iабдулла ибн Мактум хилар ду, цо аьлла: «ХIай АллахIан элча, суна со маьждиге вало стаг ца караво. Со бIаьрзе стаг ма вай, бакъо юй сан ламаз сайн хIусамехь дан?» (сайн ламаз цIахь дан бакъо лой ахьа суна, хIай АллахIан элча?). Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) бакъо елла, и стаг дIаваха воьлла. Иза гена валале тIаьхьа мохь тоьхна цуьнга пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна). И стаг вухавеъна АллахIан элчанна тIе (хIумма а ца гуш бIаьрзе стаг ву шуна иза, АллахIан хIусаме ша схьавало стаг воцург ву шуна иза). Цо хаьттина цуьнга: «Моллалла кхойкхуш хезий хьуна?». Цо жоп делла: «ХIаъ». ТIаккха пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла цуьнга: «Кхайкхинчу моллаллина, маьждиге а гIой, жоп ло ахьа».

ХIай, АллахIа хьайна бIаьрса а делла, дика дина верг! ХIай, АллахIа хьайна машен а елла, дика дина верг! хIай, АллахIа хьайна могашалла а елла, дика дина верг!

ХIай, шайна моллалла кхайкхар хеззашехь, киношка хьовса охьа хевшиначуьра ца гIовттуш берш! Кино чекхъяллалц Iаш берш, и чекхъяьлча бен ламаз ца деш, и чекхъяьлча дийр дара иза-м бохуш!

ЖамаIат ламаз мичахь ду, Iуьйра ламаз маьждигехь хилар тIехь долу бусалбанаш мичахь бу? Пхьуьйра ламаз маьждигехь дан дезаш болу бусалбанаш мичахь бу? Мичахь бу и бусалба нах?

Хьовсийша цкъа, къахьо кхехкочу хIусамаш чохь а, чайханаш чохь а болчу бусалбанашка. Юха бIаьрг тохийша АллахIан хIусамаш йолчу маьждигаш чохь мел бусалбанаш бу. Хьовсийша цкъа, тамаша бал инзаре йоккха башхалла карор ма ю шуна царна юкъахь.

ХIай бусалбанаш! ХIай ламаз дитина лелаш берш! ХIай ламазашна ледарлонаш еш берш! ХIай, АллахIан хIусамаш дIа а тесна, лелаш берш! ХIай Рамазан баттахь бен маьждиг чу ца боьлхуш берш!

Бусалбанашна юкъахь-м шина Iийда ламазана бен маьждиган чу ца боьлхуш берш бу. Бусалба нахана юкъахь-м рузбане бен ца боьлхуш берш бу. Бусалбанашна юкъахь-м шайн дерриге дахарехь цкъа бен маьждиг чу ца боьлхуш берш бу - шаьш и ламаз дархьамма боьлхуш берш бац уьш, шайна докъа ламаз дан хьуш берш бу уьш.

ХIай, Рамазан баттахь ламаз деш, кхечу беттанашкахь ламаз дуьтуш берш! ВаллахIи, Ша цхьаъ волчу а, Кхиэлан Да волчу а АллахIаца ширк ма дина аша, хIунда аьлча: оцу Рамазан беттан волу Дела ма ву биссинчу берриге беттанийн Дела а.

Пайхмаран (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) даше ладоьгIча, Аби ХIурайратан (АллахI реза хуьлда цунна) хьадисехь долчу, тоьаш дар-кха вайна. Пайхмара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:

«Мунепикъашна уггаре хала ламаз (хIораммо дика ладогIалаш, шен меттиг муьлхарг ю хьажа: хьо хьайна ца хууш мунепикъех ву-те, я цIена иманехь болчу муъминех ву-те - хуур ду хьуна) пхьуьйра ламаз а, Iуьйра ламаз а ду».

ТIаккха, вай дерриге Iуьйра ламазаш маьждигехь деш дуй? ВаллахIи, эхье хIума ма ду и, белхаме хIума ма ду и. Шаьш-шайга лойша и хаттар. Айхьа-хьайга хаттахьа: кIиранан ламазех маса ламаз дина ахьа Делан цIа чохь – маьждигехь? АллахIан цIеношкахь данза маса ламаз дитина ахьа?

Элча (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ма ву бохуш Iаш:

«Мунепикъашна уггаре хала ламаз пхьуьйра ламаз а, Iуьйра ламаз а ду».

Далла дукха везначу пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) боху:

«Пхьуьйра ламазехь а, Iуьйра ламазехь а хуьлуш йолу ял хиъча, маьждигашка богIур ма бара уьш, куьйгаш а, когаш а тIехь текхаш баьхкина а».

Оцу хьадисехь Далла дукха везначо боху:



«ВаллахIи, ламаз дIадехка аьлла омра а дина, тIаккха и ламаз дIа а дехкийтина, сайн метта цхьана стаге ламазана хьалха вала аьлла омра а дина, тIаккха шайн карахь дечкийн цIевнаш долуш стегарий а эцна ваха ойла ма хиллера сан, маьждигаш чохь ламазаш ца дечу нехан хIусамех цIе а тесна, уьш яго».

ШарIо ламаз маьждигехь ца дан луш йолу бакъо муьлха ю? Дера ю:

- кхерам;

- догIа;

- некъ ца гуш, Iаьржа буьйса;

- чIогIа йолу шело;

- чIогIа долу мехаш;

- хьо чIогIа меца а волуш, охьайиллина юург елахь;

- уьш ламазана хIиттина а болуш, хьо хьайн хьаштехь велахь.

Уьш йоцурш кхин ШарIо къобалъеш бехказлонаш яц. И бехказлонаш хьан яцахь, бакъо яц хьан хьайн цIахь цхьа ламаз дан а.

ШарIо бехказа вуьтуш бахьана а доцуш, жамаIатехь ламаз дар дитинарг – АллахIана Iеса ма ву. Цо шен чохь ламаз дахь а, АллахIана Iеса ма ву иза.

Шен цIахь ламаз динарг, маьждигехь жамаIатехь а ца деш, ШарIан бехказло йоцуш, иза АллахIана Iеса хилла ву. АллахIан элчанна а (АллаххIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) Iеса ма ву иза. Аса ца вуьйцу – ламаз дитина верг.

ХIай бусалба нах! «Ламаз! Ламаз! Ламаз!» - шуна дукха везаш волчу элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) тIаьххьара дина весет ду шуна и.

ЖамаIатехь ламаз дарна ледарло ма е, тилвизар йита, йохкар-эцар дита, белхаш дита. Ламазах вухаветтачу балхах цхьа а дика хир ма дац. Я АллахIа беркат дийр ма дац ламазах адам духадеттачу балхах.

Вай ца боху шуна оцу балхо ламаз дарах вухаветта. Я йохка-эцар мегаш дац ала а ца гIерта шуна вай. ЖамаIатехь ламаз дита мегарг цахилар дага даийта гIерта вай, я мегар доцийла дIахаийта гIерта вай - и ца хуучарна а, и хуъушехь цига ца боьлхучарна а.

Имам аз-ЗахIабис дийцина «Даккхийра къинош» цIе йолчу жайнин 12-чу агIонехь. IубайдиллахI ибн Iамр ал-Къаририс элира аьлла, Бухарин а, Муслиман а, Абу Давудан а шайх ву иза. Дийцина оцу дикачу стага, оцу гIараваьллачу Iелимстага:

«Ламаз маьждигехь жамаIатехь данза Iийна я виссина вацар со цкъа а. ТIаккха цхьана буса хьоме а, лараме а хьаша воьссира суна тIе. И хьаша тIе а эцна, цунна хьошалла а дина, и дIанисвечу хенахь, ламазан хенан юьхьиг тилира сан. ТIаккха кхеравелла, хIусамера ара а ваьлла, маьждиг лаха вуьйлира со, пхьуьйра ламаз жамаIатехь дархьамма. Дерриге маьждигаш жамаIатехь ламазаш дина девлла карийра суна, цу тIе дерриге маьждигаш къевлина а карийра суна. ТIаккха сайн цIа вирзира со, чIогIа гIайгIане а волуш, айса-сайга баха а бохуш пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлларг:

Бухарис а, Муслима а дийцинчу хьадисехь: «ЖамаIатехь ден ламаз деза ду ша хIоьттина дечул а ткъе ворхIазза».

ТIаккха сайллахь элира аса, - боху IубайдиллахI ибн Iамр ал-Къаририс, - элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) жамаIатехь ден ламаз ша хIоьттина дечул ткъе ворхIазза деза ду аьлла хилча, аса сайн ламаз жамаIатехь ма ца дина аьлла, дIа а хIоьттина ткъе ворхIазза дира аса и цхьа пхьуьйра ламаз».

Цул сов, ладогIалаш, ткъе ворхIазза дина цо и цхьа пхьуьйра ламаз. ТIаккха хIун хилла?

Бухарин а, Муслиман а, Аби Давудан а устаз волчу IубайдиллахIа боху:

«Оцу буса дIавижча, гIенахь со гира суна, дикачу говрашкахь боьлхучарна сайн говрахь тIаьхьакхиа гIерташ, оцу йоьдучу тобанна тIекхиа сайн говр аса дIахоьхкуш, амма царна тIаьхьа ца кхуьуш, царна тIаьхьа кхиа мел гIиртича а, тIаьхьа ца кхуьуш. ТIаккха царех цхьамма, соьга вуха а хьаьжна, элира: «ХIай IубайдиллахI! Хьайн говр эрна кIад ма е, ма кIадъе хьайн говр. Ахьа мел говр хехкарах хьо тхуна тIаьхьа кхуьур вац»».

IубайдиллахIас хаьттина: «ХIунда кхуьур вац?» аьлла.

Жоп делла цунна: «Оха ламаз жамаIатехь дина дела, ахьа айхьа цхьамма дина дела».

Иза ву шуна и ламаз ткъе ворхIазза динарг.

ХIай, жамаIатехь ца дина ца Iаш, цкъа а ламаз ца деш Iийриш! Шуна хаийла и ламаз Дела везначеран синтеман беш хилар, Дела гаре шовкъе болучеран самукъа хилар, Iаламийн Дела волчу АллахIан лай хьо хилар гойтуш билгало хилар.

ТIаьххьара цхьа хIума дисина вай, хьахонза ца долуш, - иза ламазан дозалла ду. Ламазан дозалла дийца-м буьззина цхьа хьехам оьшур бу, шенна къастийна хан а езар ю. Делахь а, вай цу хьокъехь, цхьа хьадис а хьахийна, кхачам бийр бу.

ТIабаранис дийцина, «Хьасан» зIе йолчу хьадисехь. И хьадис дийцинарш «Сахьихь» цIе йолчу жайнахь Бухарис къобал бинарш а, и шайна тIетевйжинарш а бу. Iабдулла ибн МасIудас (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла, АллахIан элчано (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Догуш ду шу, догуш ду шу (вуьшта аьлча, шайн къиношца а, Iесаллица а догуш а, хIаллак хуьлуш а ду шу), аша Iуьйра ламаз дича, цо дитта а дуьттий дIадоху уьш. ТIаккха догуш ду шу, догуш ду шу, аша делкъа ламаз дича, цо дитта а дуьттий, дIадоху уьш. ТIаккха догуш ду шу, догуш ду шу, аша малх буза ламаз дича, цо дитта а дуьттий, дIадоху уьш. ТIаккха догуш ду шу, догуш ду шу, аша маьркIижа ламаз дича, цо дитта а дуьттий, дIадоху уьш. ТIаккха догуш ду шу, догуш ду шу, аша пхьуьйра ламаз дича, цо дитта а дуьттий, дIадоху уьш. ТIаккха дIадуьйшу шу, шайна тIехь цхьа къа а доцуш самадовллалц».

И ду-кха - ламазан дозалла. Ламазан дозалла чIогIа доккха ду. Кхин хIуммаъ ца хилча а, тоьаш ду-кха вайна: ламаз дитина верг а, и ца деш Iийна верг а - Исламехь вен кхачош хилар; шен лаамехь ламаз дитинарг а, дог-цIена хилча тоьар ду аьлла ламаз дитинарг а - Исламехь шена кафиран а, мушрикан а хьукма долуш хилар.

Оцу вайна хезна долчу КъурIанера а, бух болчу хъадисашкара а баххаша гойту ламазан тIалам сов баккха безар а, ламазан ледарло ян мегарг цахилар а, ламазан кIадонаш ян мегарг цахилар а.

ХIай ламазана кIадо йина леларш! ХIай ламазана мало еш леларш! Хаийла шуна, АллахIа ламаз цадечуьнгара къобал деш цахилар я марха, я хьаж, я закат, я сагIа. Цуьнан далил - Имам Ахьмада шен «Муснад» жайнахь а, ибн Мажата а, Абу Давуда а, Тирмизис шайн «Сунан» жайнашкахь дийцинарг а ду. Цуьнан хьокъехь Тирмизис аьлла:

«Иза Хьасан а, Сахьихь а долуш хьадис ду. Шен «Иснад» Муслиман бехкамца нийса йолуш а ду».

Аби ХIурайратас (АллахI реза хуьлда цунна) дийцина, пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) элира аьлла:

«Хьалха лайна хьесап дийр долу Iамал ламаз ду, и мегаш хилахь - (цо дина) кхидерг (диканаш) къобул дийра ду, мегаш хир ду, и доьхна хилахь - (цо дина) кхидерг къобул дийра дац, мегаш хир дац, дакъаза ваьлла а хир ву иза».

Цуьнан кхин йолу Iамалш къобал йина елахьара, дакъаза ваьлла ву иза аьлла, сацам бийр бацара цуьнан хьокъехь Делан элчано.

Оцу тIехь кхачам бо вай, цуьнах лаьцна мел дийцича а, кхачор доцуш деха хиларна.

Веза а, Сийлахь а волчу АллахIе доьху аса: сайн а, шун а Iамалш къобалъяр, вай дерриге а беркатехь сов дахар, ламаз цадечийн дегнаш ламаз дарна тIе дерзор.

ХIай ламаз цадийриш! АллахIан Iазапах ларло, хIинца дуьйнна ларло АллахIан таIзарх. Сихха тоба а де АллахIе. АллахI тоба къобал деш а, къинхетаме хилар а хаа.

Дала аьлла «Зумар» суратехь, 53-чу аятехь:

«Сан лаьшка ала, шайна зене дерг дарехь сов бевллачу: «АллахIан къинхетамах дог ма дилла. Баккъалла, АллахIа дерриге къиношна гечдо. И ма вай – Гечдийриг, Къинхетам бийриг»» («аз-Зумар»: 53).

АллахI, тхан Дела! ХIай кхайкхамаш а, кхойкхучийн аьзнаш а хезаш верг! ХIай хиндерг хууш верг! ХIай лаьттанийн а, стигланийн а Дела верг! ХIай орца дехначарна орца доуьйтуш верг! ХIай сингаттамечеран сингаттам дIаойъуш верг! ХIай гIайгIанечеран гIайгIа дIайоккхуш верг! ДIабаккхахьа тхоьгара сингаттам.

ХIай Iаламаш хьайн карахь долу Эла! Бусалба нахана тIера хьайн оьгIазло дIаайъахьа, и Хьайн оьгIазло елахь. Зер делахь - лан собар а, иман а лохьа.

ХIай Дела! Ислам динна а, бусалба нахана а дика лиъначунна дерриге диканна аьтто ло Ахьа. Ислам динна а, бусалба нахана а вон лиъначунна цо ара даьккхина хIилла цуьнах шеха дахийта Ахьа, цо вовшах деттарг дохаде Ахьа. Iад къам а, Самуд къам а Айхьа хIаллак ма дарра хIаллакбе Ахьа уьш.

ХIай тхан Веза Дела! Ислам дин а, бусалба нах а чIагIбе Ахьа.

ХIай тхан Дела! Керста а, жуьгтий а хIаллакбе Ахьа. Керстанашна а, жуьгташна а тIаьхьа бозуш берш хIаллакбе Ахьа. Керстанийн, жуьгтийн гIоьнчий а хилла хьийзаш берш хIаллакбе Ахьа.

ХIай Дела! Зуламхой совцабе Ахьа. Фасикъаш совцабе Ахьа. Iесалла аййина хьийзаш берш совцабе Ахьа.

ХIай даима дийна верг, дерриге хIума хьайн пурбанца лелаш верг! ХIай стигланийн а, лаьттанийн а паччахьалла хьайн карахь дерг! Доьху Хьоьга, жоп лохьа тхуна.

Хьуна хьаста дели-кха тхо. Дехарна жоп доцуш, тесна ма дита Ахьа тхо.

Хьан неIаре хIитти-кха тхо, цуьнах духа ма тоха Ахьа тхо.

Ислам динан гIоде Ахьа! Бусалбанаш чIагIбе Ахьа, Исламана толам ло Ахьа. Хьайн дикаллийца бакъ дош а, дин а даржа де Ахьа.

Тхан Дела! Тхан массеран а къиношна гечде Ахьа. Оха эрна йайъинчу ханна къинтIера вала Хьо. Тхан когаш чIагIде Ахьа. Керста нахана тIехь толам а ло Ахьа.

Я АллахI! Тхоьх цхьанне Айхьа геч данза къа ма дита Ахьа. Айхьа дIаяккханза гIайгIа ма йита Ахьа. Къинхетам банза велларг ма вита Ахьа. Нисванза Iесаниг ма вита Ахьа. Хьо реза волу, тхуна пайдехь долу цхьа а хьашт ма дита Ахьа кхочуш данза, хIай Iаламан Дела.

ХIай тхан Дела! Тхо нисде Ахьа. Тхо бахьанехь кхиниш нисбе Ахьа. Нисбала гIертачарна тхоьх нисбала бахьана а де Ахьа.

ХIай тхан Дела! Тхан Нохчий махкахь а, иштта дерриге дуьненахь а Ислам дин даржаде Ахьа. Тхан махкара питанаш дIаайъа Ахьа. Керста эшаве Ахьа.

Нохчийн халкъ керстанан лай дан гIерташ хьийзачу мунепикъийн луург ма далийта Ахьа. Халкъ керстанан амале дерзо хьийзачу церан хьадалчийн луург ма далийта Ахьа.

Нохчийн къомо бIешерашкахь сатийсина йолу маршо ло Ахьа. Тхан дайша бIешерашкахь лехна а, и яккха гIазоташ дина а йолу маршо ло Ахьа.

Нохчийн халкъ керстанан балех хьалхадаккха Ахьа. Йихкина юкъ ца йостуш, гIазоташ дечу муджахIидашна гIо ло Ахьа. Оцу яхь йолчу нохчийн бусалба кIенташна толам а ло Ахьа.

Нохчийн халкъ керстанна сужуде дахийта бIарзбеллачийн тIаьхье эшаме а, сийсаза а хилийта Ахьа.

Дерриге дуьненан йиъе маьIIе Ислам динан цIано кхачае Ахьа.

Амин!

Хьехам хIоттийнарг: Мухьаммад Хьассан

Гочбинарг: Турпалан кIант Фарукъ


Количество просмотров: Счетчик посещений Counter.CO.KZ - бесплатный счетчик на любой вкус!


Вернуться в раздел Статьи

Слушать online
НТРК "Ингушетия"
Местное время
Общение на сайте
Online
Поиск по сайту
КонтактыПредседатель областного чечено-ингушского этнокультурного объединения «Вайнах», член областной Ассамблеи народа Казахстана- Увайс ХаважИевич Джанаев...
Открыть раздел Контакты
Жду тебяВ этой рубрике вы можете разместить заявку о человеке которого вы ищете в городах Алматы, Астана, Актау, Атырау, Караганда, Кокчетав, Павлодар, Экибастуз или просто в общую рубрику....
Открыть раздел Жду тебя
КазахстанРеспублика Казахстан является унитарным государством с президентской формой правления, утверждающее себя светским, демократическим, правовым и социальным государством, высшими...
Открыть раздел Казахстан
ДепортацияРаздел приурочен к 31 Мая, Дню памяти жертв политических репрессий сыновей и дочерей вайнахского народа, судьба которых так или иначе связала с Казахстаном....
Открыть раздел Депортация
Час творчестваВы пробуете писать... Вам есть что рассказать... Вы хотите поделиться своими мыслями... Пишите и присылайте на наш адрес. Материалы, прошедшие модерацию, будут опубликованы на сайте....

Открыть раздел Час творчества
Оставьте запись в нашей гостевой книге - мы будем искренне рады!...

Открыть раздел Гостевая книга
ОО ЧИЭКО "Вайнах" выражает благодарность администрации сайта www.e-chechnya.ru за предоставленную программу....
Открыть раздел Переводчик online