Iуьйра-ламаз дале хьалха дан дезарг
1) ТахIажжуд ламаз дар.
АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«Боккъалаъ, эхартах кхоьруш а, шен Делан къинхетаме догдохуш а, суждане оьхуш а, (ламазехь) лаьтташ а муьтIахь буьйсанаш хьуш верг» («аз-Зумар»: 9).
2) Iуьйкъе яр.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Сатасале хьалха хIума яа (я Iуьйкъе е), хIунда аьлча Iуьйкъе ярехь беркат ду» (барт хилла хьадис ду).
3) Iуьйра-ламазна моллалла кхайккхалц Деле гечдар дехар.
АллахIа (Лекха ву И) аьлла:
«Сатасарал а хьалха гечдар доьхуш бара уьш» («аз-Зарият»: 18).
4) Iуьйра-ламазал хьалхара суннат ламаз дар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Iуьйра-ламазал хьалхара ши ракIат (суннат ламаз) диках ма ду хIокху дуьненал а, оцу чохь мел долучул а» (Муслим).
Iуьйранна сатесначул тIаьхьа дан дезарг
1) Iуьйра-ламазе хьалххе дIавахар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Царна хууш делахьара, пхьуьйра-ламазехь а, Iуьйра-ламазехь а (дакъалаьцначунна хуьлуш йолу ял), билггал, богIур ма бара уьш оцу шинга, текхаш баьхкина а» (барт хилла хьадис ду).
2) Къамат даллалц йолучу ханна зуькар деш а, доIанаш деш а мукъаза къахьегар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Моллалла кхайкхарний, къамат дарний юккъехь дина доIа жоп даланза дуьтуш дац» (Ахьмад, Тирмизи, Абу Давуд).
3) Маьждигехь Дела хьехош а, КъурIан доьшуш а хан яккхар - малх схьакхетталц йолучу ханна (Iуьйренан, суьйренан азкараш а доьшур ду).
«Пайхамар (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) ша Iуьйра-ламаз диначул тIаьхьа, шен когаш чучча а дохкий, хиъна Iара - малх схьакхетталц» (Муслим).
4) Ши ракаIат ламаз дар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«ЖамаIатехь Iуьйра-ламаз а дина, цул тIаьхьа малх схьакхетталц АллахI хьехош хиъна а Iийна, тIаккха ши ракaIат ламаз дина волучунна хьаж даран ял а, Iумрат даран ял а хир ю – юьззина, юьззина, юьззина» (Тирмизи).
5) АллахIе карарчу дийнахь хьайна беркат дар дехар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьда цунна) аьлла:
«Я АллахI! Аса хIокху дийнан дика доьху Хьоьга. ХIокхуьнан толам а, хIокхуьнан гIо а, хIокхуьнан нур а, хIокхуьнан беркат а, хIокхуьнан нийсо а йоьху Хьоьга. Со Хьоьца лар а ло хIокхунна чохь долучу вонах а, хIокхул тIаьхьа долучу вонах а» (Абу Давуд).
6) ДIавуьжучу хенахь, оцу дIавижарах ял хиларе дог а дохуш, вижар.
МуIаза (АллахI реза хуьлда цунна, аьлла):
«Сайн йоццачу набарх а йоле дог ма доху аса - со-о гIаьттина волучу хенахь йоле дог ма даххара».
7) Балха я деша вахар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Цхьамма а, цкъа а хIума йиъна ма яц шен куьйга (болх бина) яьккхиначулла а гIолехь йолу. Боккъалаъ, АллахIан пайхамар волучу Давуда ша-шен куьйга болх бина яьккхинарг юуш хилла» (Бухари).
8) Дерригечу а дийнахь АллахI хьехор, мукъа ца Iар, Дела хьехонза хан ца яхийтар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Ялсаманин охIла гIайгIане хир бац - Лекха волу АллахI а ца хьехош, шайна тIехйийлийтиначу хенашна бен» (ТIабарани).
9) Дийнахь сагIа далар.
Малеко доIа дийриг хилар дагахь а долуш:
«Я АллахI! СагIа деллачунна - меттахIоттаде Ахьа».
Делкъа-хенахь дан дезарг
1) ЖамаIатехь делкъан ламаз дар, ламазна хьалххе дIа а воьдуш.
Ибн МасIуда (АллахI реза хуьлда цунна) аьлла:
«Боккъалаъ, АллахIан элчано тхуна Iамийна нийсонан Iадаташ (суннаташ). Нийсонан Iадатех (суннатех) моллалла кхойкхучу маьждигехь ламаз дар а ду» (Муслим).
2) Делан дуьхьа негат а долуш, дегIе садаIийтар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Боккъалаъ, хьан дегIан а ду хьуна тIехь хьакъ».
Малхбуз-хенахь дан дезарг
1) Малхбуз-ламаз дар, цул а хьалха деш долу диъ ракаIат долу суннат ламазаш а деш.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«АллахIа къинхетам бойла стагах – малхбуз-ламазал хьалхара диъ ракаIат ламаз диначу» (Абу Давуд, Тирмизи).
2) Маьждигерачу хьехаме ладегIар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Маьждиге ваханачунна, шена диканиг Iамо, я и нахана дIахьеха йоцург кхин Iалашо а йоцуш, - дуьззина а деш хьаж диначунна хуьлуш йоллу ял хир ю» (ТIабарани).
3) Маьждигчохь хиъна Iар, оцу чохь соцунгIа хилар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шен цIахь, эца ма-деззара, хаза ламаз а эцна, цул тIаьхьа маьждиге веънарг - иза АллахIан хьаша ву. Ткъа хьаша ларар тIехь ду шена тIе хьаша воьссиначунна» (ТIабарани).
МаьркIаж-хенахь дан дезарг
1) Малх чубузале хьалха доIанаш дар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Кхоъ ву, церан доIа жоп даланза ца дуьтуш, (царех цхьаъ) марха дерг (ву), цо марха достучу хенахь (доIа дича)...» (Тирмизи).
2) Марха досту хан хилча, доIа а деш, хIума кхаллар.
Марха достучу хенахь деш долу доIа:
«ЗахIабаз-замау, вабталлатилIурукъу, ва сабатал ажру инша АллахI» («Хьогалла а дIаели, пхенаш а тIундели, инша АллахI, маьл а хили») (Абу Давуд).
3) Хьалххе дIа а воьдуш, маьркIаж-ламаз жамаIатехь маьждигехь дар.
4) Суьйранна доьшуш долу азкараш а, доIанаш а доьшуш, маьждигехь сацар.
5) Доьзалца, йиша-вешица цхьаьнакхетарш а, гулдаларш а дар - вовшашна пайдехь дерг Iамо а, хьеха а.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Боккъалаъ, хьан зудчуьнан а ду хьуна тIехь хьакъ».
6) Пхьуьйра-ламазна а, таравихь ламазашна а кечвалар.
Пхьуьйра-хенахь дан дезарг
1) ЖамаIатехь маьждигехь пхьуьйра-ламаз дар, ламазе хьалххе дIа а воьдуш.
2) Маьждиган имамаца цхьаьна дуьззина таравихь ламазаш дар.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Делах а тешаш, ял хиларе дог а дохуш, Рамадан баттахь гIаьттина волучунна - яханачу хенахь диначу къиношна гечдо» (Бухари, Муслим).
3) Витар-ламаз дар тIаьхьа таттар - буьйса чекхъяла гергга яххалц.
Пайхамара (АллахIера къинхетам а, маршо а хуьлда цунна) аьлла:
«Шайн буса тIаьххьара ден ламаз - витар нисде» (барт хилла хьадис ду).
Йиллина раж
- ЗихIарте, гергарачаьрга, доттагIий болчу, лулахо волчу вахар.
- Рамадан беттан хьокъехь болу хьехамаш беш жигара къахьегар.
- Ша-шен таллар, шен хьал довзар, шен дика а, вон а агIонаш муьлхарш ю хьажар.
- Хастаме дерг, дешар Iамор – хьукманаш, гIиллакхаш, оьздангалла, иштта дIа кхин а.
- Ша-шен бакъахьа кхиор. Куьпан цхьаьнакхетарехь дакъалацар.
Оцу дерригенна а тIе - иманан юкъаметтигашна тIехь сутар а хуьлуш, хIокху сий долучу баттан езачу хенех пайда а оьцуш.
Шайн дикачу доIанашкахь диц ма дойла аша тхо!
Шайн дикачу доIанашкахь тхо а юкъалоцийла аша!
Турпалан кIант Фарукъ
http://islamanserlo.net/islamanserlo/Xexamash/ramadan_bettan_raj.htm